Сурат 48 Аль-фатхь (Толам)

  1. وَأُخْرَىٰ لَمْ تَقْدِرُوا عَلَيْهَا قَدْ أَحَاطَ اللَّهُ بِهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرًا

    Кхин /хIонсаш а хир ю шун/ шуна шена тIехь ницкъ кхочур боцу, Дала го бина царна (Далла хаьа уьш шун хир юйла). Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш

    48:21
  2. وَلَوْ قَاتَلَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوَلَّوُا الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا

    Шуьца тIом бича цатешначара цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. (Уьш юха бовлур бу) тIаккха царна карор вац доладийриг а‚ гIоьнча а

    48:22
  3. سُنَّةَ اللَّهِ الَّتِي قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا

    Делан Iадат ду иза‚ хьалха а лелла долу. Хьуна цкъа а карор ма бац Делан Iадатна хийцам

    48:23
  4. وَهُوَ الَّذِي كَفَّ أَيْدِيَهُمْ عَنْكُمْ وَأَيْدِيَكُمْ عَنْهُمْ بِبَطْنِ مَكَّةَ مِنْ بَعْدِ أَنْ أَظْفَرَكُمْ عَلَيْهِمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرًا

    Иза ву церан куьйгаш айдинарг шуна тIера‚ шун куьйгаш /айдинарг а/ царна тIера Маккан БатIнехь Цо шуна царна тIехь толам беллачул тIаьхьа. Хилира Дела аш дийриг гуш

    48:24
  5. هُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا وَصَدُّوكُمْ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَالْهَدْيَ مَعْكُوفًا أَنْ يَبْلُغَ مَحِلَّهُ ۚ وَلَوْلَا رِجَالٌ مُؤْمِنُونَ وَنِسَاءٌ مُؤْمِنَاتٌ لَمْ تَعْلَمُوهُمْ أَنْ تَطَئُوهُمْ فَتُصِيبَكُمْ مِنْهُمْ مَعَرَّةٌ بِغَيْرِ عِلْمٍ ۖ لِيُدْخِلَ اللَّهُ فِي رَحْمَتِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ لَوْ تَزَيَّلُوا لَعَذَّبْنَا الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Уьш цатешнарш бу‚ шу духатуьйхира цара Дезачу маьждигах‚ гIурбанна дойу бежна кхаьбира сацийна шен меттиге дIакхачарах. Муъмин божарий а, муъмин зударий а ца хиллехьара /Маккан охIлах/, шуна шаьш бевзаш боцу /шуна пурба лур дара Макка йоккхуш тIом бан/. ХIинца аш царна зулам дийр дара‚ /тIаккха/ цаьргара къа хьерчара дара шух, ца хууш. /Иза хилира/ Дала Шен къинхетам чу вахийтархьама Шена луург. Уьш /Маккахь бисна хилла бусалбанаш/ къаьсташ хиллехьара, Оха Iазап дина хир дара царах (Маккан охIлах) цатешначарна лазош долу Iазапца

    48:25
  6. إِذْ جَعَلَ الَّذِينَ كَفَرُوا فِي قُلُوبِهِمُ الْحَمِيَّةَ حَمِيَّةَ الْجَاهِلِيَّةِ فَأَنْزَلَ اللَّهُ سَكِينَتَهُ عَلَىٰ رَسُولِهِ وَعَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَأَلْزَمَهُمْ كَلِمَةَ التَّقْوَىٰ وَكَانُوا أَحَقَّ بِهَا وَأَهْلَهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا

    Цатешначара хилийтира шайн дегнашкахь нуьцкъала оьгIазло‚ жехIал заманан оьгIазло тIаккха Дала Шен синпархато йоссийра Шен элчанна тIе а‚ муъмин нахана тIе а‚ /сийдарца/ хаьржира царна /Делах/ кхераран дош. Уьш хилира цунна (Делан къинхетамна) вуно хьакъ цуьнан (Маккин) охIлал. Дела хили массо а хIума хууш верг

    48:26
  7. لَقَدْ صَدَقَ اللَّهُ رَسُولَهُ الرُّؤْيَا بِالْحَقِّ ۖ لَتَدْخُلُنَّ الْمَسْجِدَ الْحَرَامَ إِنْ شَاءَ اللَّهُ آمِنِينَ مُحَلِّقِينَ رُءُوسَكُمْ وَمُقَصِّرِينَ لَا تَخَافُونَ ۖ فَعَلِمَ مَا لَمْ تَعْلَمُوا فَجَعَلَ مِنْ دُونِ ذَٰلِكَ فَتْحًا قَرِيبًا

    Бакъдира Дала Шен элчанна гIан бакъдолчуьнца: шу данне а гIур ма ду Дезачу Маьждига чу‚ Дала мукъалахь‚ кхерам боцуш‚ шайн кортош дешна‚ /мекхаш‚ кхин чоьш/ лацдина‚ шу кхоьрур дац. Цунна хиира шуна цахуург‚ Цо хилийтира /шуна/ иза доцург гергара толам а

    48:27
  8. هُوَ الَّذِي أَرْسَلَ رَسُولَهُ بِالْهُدَىٰ وَدِينِ الْحَقِّ لِيُظْهِرَهُ عَلَى الدِّينِ كُلِّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا

    Иза ву Ша вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца а иза толийта массо а динал. Кхачо хилла Делаца теш хилар

    48:28
  9. مُحَمَّدٌ رَسُولُ اللَّهِ ۚ وَالَّذِينَ مَعَهُ أَشِدَّاءُ عَلَى الْكُفَّارِ رُحَمَاءُ بَيْنَهُمْ ۖ تَرَاهُمْ رُكَّعًا سُجَّدًا يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانًا ۖ سِيمَاهُمْ فِي وُجُوهِهِمْ مِنْ أَثَرِ السُّجُودِ ۚ ذَٰلِكَ مَثَلُهُمْ فِي التَّوْرَاةِ ۚ وَمَثَلُهُمْ فِي الْإِنْجِيلِ كَزَرْعٍ أَخْرَجَ شَطْأَهُ فَآزَرَهُ فَاسْتَغْلَظَ فَاسْتَوَىٰ عَلَىٰ سُوقِهِ يُعْجِبُ الزُّرَّاعَ لِيَغِيظَ بِهِمُ الْكُفَّارَ ۗ وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ مِنْهُمْ مَغْفِرَةً وَأَجْرًا عَظِيمًا

    Мухьаммад Делан элча ву‚ цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовший юккъехь. Хьуна го уьш горауьхуш‚ сужуд деш, шаьш лоьхуш Делера /Цунна Iибадат дарца/ къинхетам а‚ резахилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю сужуд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Таврата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: цо зазадоккху‚ цара цунна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен гIода тIехь, цецбохуш ялта дуьйш берш‚ царна керстанаш оьгIазбахийта. Дала ваIда йина Ша царах ийман диллинчарна а‚ дика Iамалш йиначарна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю‚ аьлла

    48:29

Гочдар: Магомед Магомедов