Мусхаф., агӏо 513
-
قُلْ لِلْمُخَلَّفِينَ مِنَ الْأَعْرَابِ سَتُدْعَوْنَ إِلَىٰ قَوْمٍ أُولِي بَأْسٍ شَدِيدٍ تُقَاتِلُونَهُمْ أَوْ يُسْلِمُونَ ۖ فَإِنْ تُطِيعُوا يُؤْتِكُمُ اللَّهُ أَجْرًا حَسَنًا ۖ وَإِنْ تَتَوَلَّوْا كَمَا تَوَلَّيْتُمْ مِنْ قَبْلُ يُعَذِّبْكُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
Цу кхелхаш лелачу Iаьрбех бухабуьсучаьрга ахь āла: 'ТIаьхьа шу кхойкхур ду чIогIа ницкъ болчу къоме (цуьнца тIом бан)‚ царца аш тIом бийр бу‚ я уьш /шайн лаамехь Далла/ муьтхь хир бу. Шу муьтIахь хилахь /Делан омрана/, Дала хаза ял лур ю шуна. Шу дIадерзахь шаьш хьалха дIа ма дирзи‚ Цо лазош долчу Iазапаца Iазап дийр ду шуна'
48:16 -
لَيْسَ عَلَى الْأَعْمَىٰ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْأَعْرَجِ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْمَرِيضِ حَرَجٌ ۗ وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ وَمَنْ يَتَوَلَّ يُعَذِّبْهُ عَذَابًا أَلِيمًا
БIаьрса доцучунна къа дац‚ астагIа волчунна а къа дац‚ цомгуш волчунна а къа дац /гIазоте ца бахча/. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг Цо вохуьйтур ву иза бошмашка‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ дIавирзинарг /Делан динах/ Цо Iазап дийр ду цунна лазош долчу Iазапаца
48:17 -
لَقَدْ رَضِيَ اللَّهُ عَنِ الْمُؤْمِنِينَ إِذْ يُبَايِعُونَكَ تَحْتَ الشَّجَرَةِ فَعَلِمَ مَا فِي قُلُوبِهِمْ فَأَنْزَلَ السَّكِينَةَ عَلَيْهِمْ وَأَثَابَهُمْ فَتْحًا قَرِيبًا
Реза хили Дела муъмин нахана, цара шаьш хьуна тешаме хир ду‚ аьлла дош луш дитта кIел‚ Цунна хиира церан дегнашкахь дерг. ТIаккха Цо йоссийра синпархато царна‚ Цо совгIат делира царна герга хир болчу толамца а,
48:18 -
وَمَغَانِمَ كَثِيرَةً يَأْخُذُونَهَا ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَزِيزًا حَكِيمًا
Дуккха хIонсашца а‚ цара шаьш оьцур йолу. Хилира Дела веза верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а
48:19 -
وَعَدَكُمُ اللَّهُ مَغَانِمَ كَثِيرَةً تَأْخُذُونَهَا فَعَجَّلَ لَكُمْ هَٰذِهِ وَكَفَّ أَيْدِيَ النَّاسِ عَنْكُمْ وَلِتَكُونَ آيَةً لِلْمُؤْمِنِينَ وَيَهْدِيَكُمْ صِرَاطًا مُسْتَقِيمًا
Дала ваIда йира шуна дуккха хIонсаш аш уьш оьцур ю. Цо сихдира шуна хIара /хIонс/‚ айдира нехан куьйгаш шуна тIера‚ муъмин нахана билгало хилийтан /царна гIо хилан/‚ Цо шу нисдан нийсачу новкъа
48:20 -
وَأُخْرَىٰ لَمْ تَقْدِرُوا عَلَيْهَا قَدْ أَحَاطَ اللَّهُ بِهَا ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرًا
Кхин /хIонсаш а хир ю шун/ шуна шена тIехь ницкъ кхочур боцу, Дала го бина царна (Далла хаьа уьш шун хир юйла). Хилира Дела массо а хIуманна тIехь ницкъ кхочуш
48:21 -
وَلَوْ قَاتَلَكُمُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوَلَّوُا الْأَدْبَارَ ثُمَّ لَا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
Шуьца тIом бича цатешначара цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. (Уьш юха бовлур бу) тIаккха царна карор вац доладийриг а‚ гIоьнча а
48:22 -
سُنَّةَ اللَّهِ الَّتِي قَدْ خَلَتْ مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا
Делан Iадат ду иза‚ хьалха а лелла долу. Хьуна цкъа а карор ма бац Делан Iадатна хийцам
48:23
Гочдар: Магомед Магомедов