Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 11 – 14
-
يُوصِيكُمُ اللَّهُ فِي أَوْلَادِكُمْ ۖ لِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الْأُنْثَيَيْنِ ۚ فَإِنْ كُنَّ نِسَاءً فَوْقَ اثْنَتَيْنِ فَلَهُنَّ ثُلُثَا مَا تَرَكَ ۖ وَإِنْ كَانَتْ وَاحِدَةً فَلَهَا النِّصْفُ ۚ وَلِأَبَوَيْهِ لِكُلِّ وَاحِدٍ مِنْهُمَا السُّدُسُ مِمَّا تَرَكَ إِنْ كَانَ لَهُ وَلَدٌ ۚ فَإِنْ لَمْ يَكُنْ لَهُ وَلَدٌ وَوَرِثَهُ أَبَوَاهُ فَلِأُمِّهِ الثُّلُثُ ۚ فَإِنْ كَانَ لَهُ إِخْوَةٌ فَلِأُمِّهِ السُّدُسُ ۚ مِنْ بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِي بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۗ آبَاؤُكُمْ وَأَبْنَاؤُكُمْ لَا تَدْرُونَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ لَكُمْ نَفْعًا ۚ فَرِيضَةً مِنَ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا
Дала весет до шуьга шайн доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): цхьана божаберана ло шинна зудаберана кхочу дāкъа. Нагахь санна зударий белахь /шиъ а/ шиннал сов а, царна бухадитина долчух кхо дāкъа дича, ши дāкъа ду. Нагахь санна цхьаъ елахь – цунна /бухадисинчух/ ах ду. Дена-нанна – хӀоранна царах – ялхалгӀа дāкъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь – цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна – кхо дāкъа дича, цхьа дāкъа (дисинарг дāс схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дāкъа дича, цхьа дāкъа ду‚ /хьакъболчарна ирс доькъур ду/ цо дина весет кхочушдинчул тӀаьхьа‚ декхарал тӀаьхьа. Шун дай‚ шун кӀентий – шуна ца хаьа царах мила ву шуна герга пайдехь. Делера фарз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а
4:11 -
وَلَكُمْ نِصْفُ مَا تَرَكَ أَزْوَاجُكُمْ إِنْ لَمْ يَكُنْ لَهُنَّ وَلَدٌ ۚ فَإِنْ كَانَ لَهُنَّ وَلَدٌ فَلَكُمُ الرُّبُعُ مِمَّا تَرَكْنَ ۚ مِنْ بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِينَ بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۚ وَلَهُنَّ الرُّبُعُ مِمَّا تَرَكْتُمْ إِنْ لَمْ يَكُنْ لَكُمْ وَلَدٌ ۚ فَإِنْ كَانَ لَكُمْ وَلَدٌ فَلَهُنَّ الثُّمُنُ مِمَّا تَرَكْتُمْ ۚ مِنْ بَعْدِ وَصِيَّةٍ تُوصُونَ بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۗ وَإِنْ كَانَ رَجُلٌ يُورَثُ كَلَالَةً أَوِ امْرَأَةٌ وَلَهُ أَخٌ أَوْ أُخْتٌ فَلِكُلِّ وَاحِدٍ مِنْهُمَا السُّدُسُ ۚ فَإِنْ كَانُوا أَكْثَرَ مِنْ ذَٰلِكَ فَهُمْ شُرَكَاءُ فِي الثُّلُثِ ۚ مِنْ بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصَىٰ بِهَا أَوْ دَيْنٍ غَيْرَ مُضَارٍّ ۚ وَصِيَّةً مِنَ اللَّهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَلِيمٌ
Шуна а кхочу ах шун зударша бухадитинчух‚ нагахь санна церан доьзалхо вацахь (кхечунна вина‚ я шуна вина). Церан доьзалхо (кхечунна вина волу‚ я шуна вина волу) велахь – шуна цара бухадитинчух доьалг дāкъа кхочу церан весет кхочушдинчул тӀаьхьа‚ декхарел тӀаьхьа. Царна (шу делла бухабисина болу шун зударшна) – аш бухадитинчух доьалг дāкъа кхочу‚ нагахь санна шун доьзалхо (кхечу зудчо вина‚ я цо вина) вацахь. Шун доьзалхо велахь – царна аш бухадитинчух, борхӀалг дāкъа кхочу дина, шун весет кхочушдинчул тӀаьхьа‚ декхарел тӀаьхьа. Нагахь санна шегара ирс кхочуш волу стаг‚ я зуда шен да я доьзалхо воцуш велахь – цуьнан ваша‚ я йиша елахь – цу шиннах хӀоранна а, йолхалг дāкъа лур ду. Нагахь уьш царал алсам белахь – уьш декъашхой хир бу кхоалгчу декъан‚ цуьнан весет кхочушдинчул тӀаьхьа‚ декхарал тӀаьхьа‚ ша зен ца деш (цхьанна совдоккхуш‚ вукхунна эшош). Делера весет ду иза. И Дела ма ву хууш а‚ собаре а (дуьненахь сиха таӀзар ца деш къинош динчарна)
4:12 -
تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ ۚ وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ يُدْخِلْهُ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Уьш ду Делан дозанаш. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь верг – и вохуьйтур ву Цо ялсамане‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу‚ цу чохь уьш гуттар а хир бу. И сийлахь-боккха толам бу-кх
4:13 -
وَمَنْ يَعْصِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَتَعَدَّ حُدُودَهُ يُدْخِلْهُ نَارًا خَالِدًا فِيهَا وَلَهُ عَذَابٌ مُهِينٌ
Далла а, Цуьнан элчанна а Ӏеса верг а‚ Цуьнан дозанех ваьлларг а – и вхийтур ву Цо /жоьжахатин/ цӀерга‚ гуттар а цу чохь хир волуш. Цунна – сийсаза долу Ӏазап ду
4:14
Гочдар: Магомед Магомедов