Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 11

  1. يُوصِيكُمُ اللَّهُ فِي أَوْلَادِكُمْ ۖ لِلذَّكَرِ مِثْلُ حَظِّ الْأُنْثَيَيْنِ ۚ فَإِنْ كُنَّ نِسَاءً فَوْقَ اثْنَتَيْنِ فَلَهُنَّ ثُلُثَا مَا تَرَكَ ۖ وَإِنْ كَانَتْ وَاحِدَةً فَلَهَا النِّصْفُ ۚ وَلِأَبَوَيْهِ لِكُلِّ وَاحِدٍ مِنْهُمَا السُّدُسُ مِمَّا تَرَكَ إِنْ كَانَ لَهُ وَلَدٌ ۚ فَإِنْ لَمْ يَكُنْ لَهُ وَلَدٌ وَوَرِثَهُ أَبَوَاهُ فَلِأُمِّهِ الثُّلُثُ ۚ فَإِنْ كَانَ لَهُ إِخْوَةٌ فَلِأُمِّهِ السُّدُسُ ۚ مِنْ بَعْدِ وَصِيَّةٍ يُوصِي بِهَا أَوْ دَيْنٍ ۗ آبَاؤُكُمْ وَأَبْنَاؤُكُمْ لَا تَدْرُونَ أَيُّهُمْ أَقْرَبُ لَكُمْ نَفْعًا ۚ فَرِيضَةً مِنَ اللَّهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Дала весет до шуьга шайн доьзалшкахь (царна ирс декъарехь): цхьана божаберана ло шинна зудаберана кхочу дāкъа. Нагахь санна зударий белахь /шиъ а/ шиннал сов а, царна бухадитина долчух кхо дāкъа дича, ши дāкъа ду. Нагахь санна цхьаъ елахь – цунна /бухадисинчух/ ах ду. Дена-нанна – хIоранна царах – ялхалгIа дāкъа ду бухадитинчух‚ нагахь санна цуьнан доьзалхо велахь. Цуьнан доьзалхо вацахь – цуьнан ирс кхочу цуьнан дена-нанна‚ нанна – кхо дāкъа дича, цхьа дāкъа (дисинарг дāс схьаоьцу). Нагахь санна цуьнан вежарий белахь‚ нанна ялх дāкъа дича, цхьа дāкъа ду‚ /хьакъболчарна ирс доькъур ду/ цо дина весет кхочушдинчул тIаьхьа‚ декхарал тIаьхьа. Шун дай‚ шун кIентий – шуна ца хаьа царах мила ву шуна герга пайдехь. Делера фарз ду иза. Баккъалла а, и Дела хилла Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а

    4:11

Гочдар: Магомед Магомедов