Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 92

  1. وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ أَنْ يَقْتُلَ مُؤْمِنًا إِلَّا خَطَأً ۚ وَمَنْ قَتَلَ مُؤْمِنًا خَطَأً فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُؤْمِنَةٍ وَدِيَةٌ مُسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ إِلَّا أَنْ يَصَّدَّقُوا ۚ فَإِنْ كَانَ مِنْ قَوْمٍ عَدُوٍّ لَكُمْ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُؤْمِنَةٍ ۖ وَإِنْ كَانَ مِنْ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ مِيثَاقٌ فَدِيَةٌ مُسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ وَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُؤْمِنَةٍ ۖ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ تَوْبَةً مِنَ اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъмин стагана муъмин стаг вēр, гIалатваьлла бен. Цхьаммо гIалатваьлла муъмин стаг вēхь, муъмин лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охIланна длуш долу дият лур ду цо‚ цара /цунна гечдина/ сагIина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагIалла долчу къомах‚ ша муъмин а волуш – муъмин лай паргIатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах – длуш долу дият лур ду цуьнан охIланна‚ муъмин лай паргIатвоккхур ву. И ца карадахь, тIеттIа шина баттахь марханаш кхобур ду‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а хилла

    4:92

Гочдар: Магомед Магомедов