Сурат 4 Ан-нисаъ (Зударий), аят 92 – 96

  1. وَمَا كَانَ لِمُؤْمِنٍ أَنْ يَقْتُلَ مُؤْمِنًا إِلَّا خَطَأً ۚ وَمَنْ قَتَلَ مُؤْمِنًا خَطَأً فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُؤْمِنَةٍ وَدِيَةٌ مُسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ إِلَّا أَنْ يَصَّدَّقُوا ۚ فَإِنْ كَانَ مِنْ قَوْمٍ عَدُوٍّ لَكُمْ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُؤْمِنَةٍ ۖ وَإِنْ كَانَ مِنْ قَوْمٍ بَيْنَكُمْ وَبَيْنَهُمْ مِيثَاقٌ فَدِيَةٌ مُسَلَّمَةٌ إِلَىٰ أَهْلِهِ وَتَحْرِيرُ رَقَبَةٍ مُؤْمِنَةٍ ۖ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ شَهْرَيْنِ مُتَتَابِعَيْنِ تَوْبَةً مِنَ اللَّهِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا

    Ца хилла /цкъа а мегаш/ муъмин стагана муъмин стаг вēр, гӀалатваьлла бен. Цхьаммо гӀалатваьлла муъмин стаг вēхь, муъмин лай паргӀатвоккхур ву (йоккхур ю) цо‚ цуьнан охӀланна длуш долу дият лур ду цо‚ цара /цунна гечдина/ сагӀина ца дитахь. Нагахь санна и (и ца хууш велларг) хиллехь шуьца мостагӀалла долчу къомах‚ ша муъмин а волуш – муъмин лай паргӀатвоккхур ву (йоккхур ю). И хилахь шена а, шуна а юккъехь барт (машар) болчу къомах – длуш долу дият лур ду цуьнан охӀланна‚ муъмин лай паргӀатвоккхур ву. И ца карадахь, тӀеттӀа шина баттахь марханаш кхобур ду‚ Делера гечдар доьхуш. И Дела Ша хууш а‚ хьукам /нийса/ деш а хилла

    4:92
  2. وَمَنْ يَقْتُلْ مُؤْمِنًا مُتَعَمِّدًا فَجَزَاؤُهُ جَهَنَّمُ خَالِدًا فِيهَا وَغَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِ وَلَعَنَهُ وَأَعَدَّ لَهُ عَذَابًا عَظِيمًا

    Цхьаммо шена хуъушехь муъмин стаг вехь‚ цунна бекхам – жоьжахати ю‚ цу чохь и гуттар лаьттар волуш‚ Дела оьгӀаз а вахана цунна‚ неӀалт а аьлла‚ Цо кечдина цунна деза-доккха Ӏазап

    4:93
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا ضَرَبْتُمْ فِي سَبِيلِ اللَّهِ فَتَبَيَّنُوا وَلَا تَقُولُوا لِمَنْ أَلْقَىٰ إِلَيْكُمُ السَّلَامَ لَسْتَ مُؤْمِنًا تَبْتَغُونَ عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا فَعِنْدَ اللَّهِ مَغَانِمُ كَثِيرَةٌ ۚ كَذَٰلِكَ كُنْتُمْ مِنْ قَبْلُ فَمَنَّ اللَّهُ عَلَيْكُمْ فَتَبَيَّنُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرًا

    ХӀай ийман диллинарш! Шаьш Делан новкъахь арадевлла долуш‚ аш билгалдаккха: шайга салам деллачуьнга ма āла: 'Хьо муъмин вац'‚ дуьненан дахаран бахаме догдохуш – Далла гергахь йоккха хӀонс ю. Иштта хилла шу хьалха – Дала шуна ниӀмат делла. Аш билгалдаккха. Баккъалла а, и Дела хилла аш дийриг дика хууш

    4:94
  4. لَا يَسْتَوِي الْقَاعِدُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ غَيْرُ أُولِي الضَّرَرِ وَالْمُجَاهِدُونَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ ۚ فَضَّلَ اللَّهُ الْمُجَاهِدِينَ بِأَمْوَالِهِمْ وَأَنْفُسِهِمْ عَلَى الْقَاعِدِينَ دَرَجَةً ۚ وَكُلًّا وَعَدَ اللَّهُ الْحُسْنَىٰ ۚ وَفَضَّلَ اللَّهُ الْمُجَاهِدِينَ عَلَى الْقَاعِدِينَ أَجْرًا عَظِيمًا

    Цхьатерра бац муъмин нахах шаьш гӀазотах цхьа а бахьана доцуш бухабуьсурш а‚ шаьш шайн хьолаца а‚ шайн синошца а‚ Делан новкъахь гӀазот деш берш а. Шайн хьолаца а‚ шайн синошца а гӀазот деш берш даржаца базбина Дала бухабуьсучарал. ХӀоранна Дала ваӀда йина хазаниг (ялсамане) яла. ГӀазот деш берш базбина Дала бухабуьсучарал сийлахь – йоккхачу йолаца (боккха мēла баларца)

    4:95
  5. دَرَجَاتٍ مِنْهُ وَمَغْفِرَةً وَرَحْمَةً ۚ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    Шегарчу даржашца‚ гечдарца‚ къинхетамца /базбина Цо уьш/. Дела хилла Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    4:96

Гочдар: Магомед Магомедов