Сурат 50 Къоф

  1. ق ۚ وَالْقُرْآنِ الْمَجِيدِ

    Къāф. Сийлахь долчу Къуръанора /хьо Делан элча ма ву/

    50:1
  2. بَلْ عَجِبُوا أَنْ جَاءَهُمْ مُنْذِرٌ مِنْهُمْ فَقَالَ الْكَافِرُونَ هَٰذَا شَيْءٌ عَجِيبٌ

    ХIаъ‚ ма цецбевли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варах‚ керстанаша элира: 'ХIара тамаше хIума ду:

    50:2
  3. أَإِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا ۖ ذَٰلِكَ رَجْعٌ بَعِيدٌ

    Вай делча‚ вайх топпар хилча‚ /вай дендийр ду бохург/ иза дукха генара духадерзар ду'

    50:3
  4. قَدْ عَلِمْنَا مَا تَنْقُصُ الْأَرْضُ مِنْهُمْ ۖ وَعِنْدَنَا كِتَابٌ حَفِيظٌ

    Тхуна хиира мел лаьтто царах дIахьош бу Тхоьгахь Iалашдеш долу жайна ма ду

    50:4
  5. بَلْ كَذَّبُوا بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ فَهُمْ فِي أَمْرٍ مَرِيجٍ

    Цара харцдира бакъдерг (Къуръан) иза шайга деъначул тIаьхьа‚ тIаккха уьш дукха кегаделлачу гIуллакхехь бу-кх

    50:5
  6. أَفَلَمْ يَنْظُرُوا إِلَى السَّمَاءِ فَوْقَهُمْ كَيْفَ بَنَيْنَاهَا وَزَيَّنَّاهَا وَمَا لَهَا مِنْ فُرُوجٍ

    Уьш ца хьовсу шайна тIехула /лаьттачу/ стигале‚ муха хIоттийна Оха иза /цхьа а бIогIам а боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Iуьрг а ма дац

    50:6
  7. وَالْأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ زَوْجٍ بَهِيجٍ

    Латта а даржина Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо а хазчу шиннах /ораматаш/

    50:7
  8. تَبْصِرَةً وَذِكْرَىٰ لِكُلِّ عَبْدٍ مُنِيبٍ

    Гар а‚ хьехам а хилла /хилийтина Оха уьш/ массо а /Тхуна тōбанца/ твоьрзачу лена

    50:8
  9. وَنَزَّلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً مُبَارَكًا فَأَنْبَتْنَا بِهِ جَنَّاتٍ وَحَبَّ الْحَصِيدِ

    Оха доссийра стиглара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтан буьртиг а

    50:9
  10. وَالنَّخْلَ بَاسِقَاتٍ لَهَا طَلْعٌ نَضِيدٌ

    Деха (лекха) хурманан дитташ‚ шайн тIеттIа (могршца) стоьм а болуш

    50:10
  11. رِزْقًا لِلْعِبَادِ ۖ وَأَحْيَيْنَا بِهِ بَلْدَةً مَيْتًا ۚ كَذَٰلِكَ الْخُرُوجُ

    /Делан/ лешна рицкъ а хилла. Цуьнца (догIица) Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешний чуьра/ арадовлар а

    50:11
  12. كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَأَصْحَابُ الرَّسِّ وَثَمُودُ

    Харцдира /бакъдолу дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Рассан дайша а‚ Самудаша а‚

    50:12
  13. وَعَادٌ وَفِرْعَوْنُ وَإِخْوَانُ لُوطٍ

    Iадаша а‚ ФирIавно а‚ ЛутIан вежарша а‚

    50:13
  14. وَأَصْحَابُ الْأَيْكَةِ وَقَوْمُ تُبَّعٍ ۚ كُلٌّ كَذَّبَ الرُّسُلَ فَحَقَّ وَعِيدِ

    Айкатан дайша а‚ ТуббаIан къомо а /Цара/ массара а харцбира элчанаш бакъ хилира Сан / царна кхерам тасарца / йина ваа

    50:14
  15. أَفَعَيِينَا بِالْخَلْقِ الْأَوَّلِ ۚ بَلْ هُمْ فِي لَبْسٍ مِنْ خَلْقٍ جَدِيدٍ

    Ницкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигланаш а‚ латта а/? ХIаъ‚ уьш шеконехь бу керлачу кхолларах (денбарх)

    50:15
  16. وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ وَنَعْلَمُ مَا تُوَسْوِسُ بِهِ نَفْسُهُ ۖ وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنْ حَبْلِ الْوَرِيدِ

    Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цунна /шен/ лаган пхал а

    50:16
  17. إِذْ يَتَلَقَّى الْمُتَلَقِّيَانِ عَنِ الْيَمِينِ وَعَنِ الشِّمَالِ قَعِيدٌ

    ТIеоьцу /стаго дийриг/ шино тIеоьцучу /малико/, аьтту агIорахь а, аьрру агIорахь а, /шаьш/ хевжина долуш

    50:17
  18. مَا يَلْفِظُ مِنْ قَوْلٍ إِلَّا لَدَيْهِ رَقِيبٌ عَتِيدٌ

    Цхьа а дош олуш ма дац цо шена гергахь кийча волу тергал деш верг волуш бен (дIаяздеш малик)

    50:18
  19. وَجَاءَتْ سَكْرَةُ الْمَوْتِ بِالْحَقِّ ۖ ذَٰلِكَ مَا كُنْتَ مِنْهُ تَحِيدُ

    Валаран вахор деара /эхартан гIуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш (кхоьруш) верг

    50:19
  20. وَنُفِخَ فِي الصُّورِ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْوَعِيدِ

    Сур лекхира иза ду ша /Дала керстанашна Iазап дийр ду аьлла/ ваIда йина де

    50:20

Гочдар: Магомед Магомедов