Сурат 50 Къоф
-
وَاسْتَمِعْ يَوْمَ يُنَادِ الْمُنَادِ مِنْ مَكَانٍ قَرِيبٍ
ЛадогIа оцу дийнахь кхойкхучун (Исрафил маликан) кхайкхаре (сур лакхаре стигална) герга йолчу меттера (Байтул макъдисера)
50:41 -
يَوْمَ يَسْمَعُونَ الصَّيْحَةَ بِالْحَقِّ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْخُرُوجِ
Оцу дийнахь царна хозур бу мохь (Исрафил малико шолгIа зурна локхуш юха денбар) бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/
50:42 -
إِنَّا نَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَإِلَيْنَا الْمَصِيرُ
Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тIе ду дIадерзар а
50:43 -
يَوْمَ تَشَقَّقُ الْأَرْضُ عَنْهُمْ سِرَاعًا ۚ ذَٰلِكَ حَشْرٌ عَلَيْنَا يَسِيرٌ
Оцу дийнахь латта дедар ду царах, /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тIе/. Иза гулдар Тхуна атта ду
50:44 -
نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ ۖ وَمَا أَنْتَ عَلَيْهِمْ بِجَبَّارٍ ۖ فَذَكِّرْ بِالْقُرْآنِ مَنْ يَخَافُ وَعِيدِ
Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тIехь ницкъ бийриг. Хьехам бе Къуръанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна
50:45
Гочдар: Магомед Магомедов