Сурат 50 Къоф, аят 1 – 15
-
ق ۚ وَالْقُرْآنِ الْمَجِيدِ
Къāф. Сийлахь долчу Къуръанора /хьо Делан элча ма ву/
50:1 -
بَلْ عَجِبُوا أَنْ جَاءَهُمْ مُنْذِرٌ مِنْهُمْ فَقَالَ الْكَافِرُونَ هَٰذَا شَيْءٌ عَجِيبٌ
ХӀаъ‚ ма цецбевли уьш шайга шайн юккъера кхерамча варах‚ керстанаша элира: 'ХӀара тамаше хӀума ду:
50:2 -
أَإِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا ۖ ذَٰلِكَ رَجْعٌ بَعِيدٌ
Вай делча‚ вайх топпар хилча‚ /вай дендийр ду бохург/ иза дукха генара духадерзар ду'
50:3 -
قَدْ عَلِمْنَا مَا تَنْقُصُ الْأَرْضُ مِنْهُمْ ۖ وَعِنْدَنَا كِتَابٌ حَفِيظٌ
Тхуна хиира мел лаьтто царах дӀахьош бу Тхоьгахь Ӏалашдеш долу жайна ма ду
50:4 -
بَلْ كَذَّبُوا بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُمْ فَهُمْ فِي أَمْرٍ مَرِيجٍ
Цара харцдира бакъдерг (Къуръан) иза шайга деъначул тӀаьхьа‚ тӀаккха уьш дукха кегаделлачу гӀуллакхехь бу-кх
50:5 -
أَفَلَمْ يَنْظُرُوا إِلَى السَّمَاءِ فَوْقَهُمْ كَيْفَ بَنَيْنَاهَا وَزَيَّنَّاهَا وَمَا لَهَا مِنْ فُرُوجٍ
Уьш ца хьовсу шайна тӀехула /лаьттачу/ стигале‚ муха хӀоттийна Оха иза /цхьа а бӀогӀам а боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Ӏуьрг а ма дац
50:6 -
وَالْأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ زَوْجٍ بَهِيجٍ
Латта а даржина Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо а хазчу шиннах /ораматаш/
50:7 -
تَبْصِرَةً وَذِكْرَىٰ لِكُلِّ عَبْدٍ مُنِيبٍ
Гар а‚ хьехам а хилла /хилийтина Оха уьш/ массо а /Тхуна тōбанца/ твоьрзачу лена
50:8 -
وَنَزَّلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً مُبَارَكًا فَأَنْبَتْنَا بِهِ جَنَّاتٍ وَحَبَّ الْحَصِيدِ
Оха доссийра стиглара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтан буьртиг а
50:9 -
وَالنَّخْلَ بَاسِقَاتٍ لَهَا طَلْعٌ نَضِيدٌ
Деха (лекха) хурманан дитташ‚ шайн тӀеттӀа (могршца) стоьм а болуш
50:10 -
رِزْقًا لِلْعِبَادِ ۖ وَأَحْيَيْنَا بِهِ بَلْدَةً مَيْتًا ۚ كَذَٰلِكَ الْخُرُوجُ
/Делан/ лешна рицкъ а хилла. Цуьнца (догӀица) Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешний чуьра/ арадовлар а
50:11 -
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ وَأَصْحَابُ الرَّسِّ وَثَمُودُ
Харцдира /бакъдолу дин/ царал хьалха Нухьан къомо а‚ Рассан дайша а‚ Самудаша а‚
50:12 -
وَعَادٌ وَفِرْعَوْنُ وَإِخْوَانُ لُوطٍ
Ӏадаша а‚ ФирӀавно а‚ ЛутӀан вежарша а‚
50:13 -
وَأَصْحَابُ الْأَيْكَةِ وَقَوْمُ تُبَّعٍ ۚ كُلٌّ كَذَّبَ الرُّسُلَ فَحَقَّ وَعِيدِ
Айкатан дайша а‚ ТуббаӀан къомо а /Цара/ массара а харцбира элчанаш бакъ хилира Сан / царна кхерам тасарца / йина ваа
50:14 -
أَفَعَيِينَا بِالْخَلْقِ الْأَوَّلِ ۚ بَلْ هُمْ فِي لَبْسٍ مِنْ خَلْقٍ جَدِيدٍ
Ницкъ ца кхочуш дисира Тхо хьалха кхолларехь /стигланаш а‚ латта а/? ХӀаъ‚ уьш шеконехь бу керлачу кхолларах (денбарх)
50:15
Гочдар: Магомед Магомедов