Сурат 50 Къоф, аят 16 – 29

  1. وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ وَنَعْلَمُ مَا تُوَسْوِسُ بِهِ نَفْسُهُ ۖ وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنْ حَبْلِ الْوَرِيدِ

    Оха кхоьллира адам‚ Тхуна хаьа цуьнан сино кхуьссу васвасалла. Тхо герга ду цунна /шен/ лаган пхал а

    50:16
  2. إِذْ يَتَلَقَّى الْمُتَلَقِّيَانِ عَنِ الْيَمِينِ وَعَنِ الشِّمَالِ قَعِيدٌ

    ТӀеоьцу /стаго дийриг/ шино тӀеоьцучу /малико/, аьтту агӀорахь а, аьрру агӀорахь а, /шаьш/ хевжина долуш

    50:17
  3. مَا يَلْفِظُ مِنْ قَوْلٍ إِلَّا لَدَيْهِ رَقِيبٌ عَتِيدٌ

    Цхьа а дош олуш ма дац цо шена гергахь кийча волу тергал деш верг волуш бен (дӀаяздеш малик)

    50:18
  4. وَجَاءَتْ سَكْرَةُ الْمَوْتِ بِالْحَقِّ ۖ ذَٰلِكَ مَا كُنْتَ مِنْهُ تَحِيدُ

    Валаран вахор деара /эхартан гӀуллакх/ бакъ хиларца. Иза дара хьо шех водуш (кхоьруш) верг

    50:19
  5. وَنُفِخَ فِي الصُّورِ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْوَعِيدِ

    Сур лекхира иза ду ша /Дала керстанашна Ӏазап дийр ду аьлла/ ваӀда йина де

    50:20
  6. وَجَاءَتْ كُلُّ نَفْسٍ مَعَهَا سَائِقٌ وَشَهِيدٌ

    Деара массо а са шеца дӀалоллург а‚ теш а волуш (шеца маликаш а долуш)

    50:21
  7. لَقَدْ كُنْتَ فِي غَفْلَةٍ مِنْ هَٰذَا فَكَشَفْنَا عَنْكَ غِطَاءَكَ فَبَصَرُكَ الْيَوْمَ حَدِيدٌ

    Хьо хиллера хьокхунах гӀовпал волуш /тидаме ца оьцуш/ Оха айдира хьан /бӀаьргий/ тӀера кирхьа тахана хьан бӀаьрса ира хилира

    50:22
  8. وَقَالَ قَرِينُهُ هَٰذَا مَا لَدَيَّ عَتِيدٌ

    Элира цуьнан накъосто (цунна тӀе хӀоттинчу малико): 'ХӀара ду соьгахь /хьуна/ кечдинарг' /жоьжахатин Ӏазап/

    50:23
  9. أَلْقِيَا فِي جَهَنَّمَ كُلَّ كَفَّارٍ عَنِيدٍ

    /Омра хир ду/: 'Аш шиммо (тӀехӀоьттинчу маликаша) кхосса жоьжахати чу массо а нуьцкъала /дуьхьал/ волу керста

    50:24
  10. مَنَّاعٍ لِلْخَيْرِ مُعْتَدٍ مُرِيبٍ

    Диканах /нах/ духатухуш хилла волу‚ дозанах ваьлла хилла волу‚ /динехь нахе/ шеко йойтуш хилла волу

    50:25
  11. الَّذِي جَعَلَ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَأَلْقِيَاهُ فِي الْعَذَابِ الشَّدِيدِ

    Иза ву ша Делаца кхин дела хилийтинарг‚ аш шиммо (омра шина малике ду) кхосса иза чӀогӀачу Ӏазапа чу'

    50:26
  12. قَالَ قَرِينُهُ رَبَّنَا مَا أَطْغَيْتُهُ وَلَٰكِنْ كَانَ فِي ضَلَالٍ بَعِيدٍ

    Цуьнан накъосто элира: 'Тхан Кхиош-кхобург! Ас ца тилина иза‚ тек иза ша хили-кх генарчу тилар чохь'

    50:27
  13. قَالَ لَا تَخْتَصِمُوا لَدَيَّ وَقَدْ قَدَّمْتُ إِلَيْكُمْ بِالْوَعِيدِ

    Элира /Дала/: 'Аш ма къийса Суна гергахь. Ас хьалха /дуьненахь/ бахийтира шуна Сан кхерам

    50:28
  14. مَا يُبَدَّلُ الْقَوْلُ لَدَيَّ وَمَا أَنَا بِظَلَّامٍ لِلْعَبِيدِ

    Дош хийцор дац Суна гергахь. Со вац зуламаш дийр долуш Сан лешна'

    50:29

Гочдар: Магомед Магомедов