Сурат 50 Къоф, аят 30 – 45

  1. يَوْمَ نَقُولُ لِجَهَنَّمَ هَلِ امْتَلَأْتِ وَتَقُولُ هَلْ مِنْ مَزِيدٍ

    Оцу дийнахь Оха эр ду жоьжахатига: 'Хьо юьзний?' Цо эр: 'Кхин сов буй?' /чубахка/

    50:30
  2. وَأُزْلِفَتِ الْجَنَّةُ لِلْمُتَّقِينَ غَيْرَ بَعِيدٍ

    Гергаялира ялсамани /Делах/ кхоьручарна гена йоцуш

    50:31
  3. هَٰذَا مَا تُوعَدُونَ لِكُلِّ أَوَّابٍ حَفِيظٍ

    ХӀара ду шуна хир ду аьлларг- хр /тōба дарца/ Далла тӀе воьрзучунна‚ /дин/ Ӏалашдечунна

    50:32
  4. مَنْ خَشِيَ الرَّحْمَٰنَ بِالْغَيْبِ وَجَاءَ بِقَلْبٍ مُنِيبٍ

    Къинхетаме волчух кхоьруш хиллачунна, Иза шена гуш воццушехь‚ Ша /Далла тӀе/ доьрзучу дагца веана волчу

    50:33
  5. ادْخُلُوهَا بِسَلَامٍ ۖ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْخُلُودِ

    ЧугӀо цунна машарца! ХӀара ду гуттаренан де

    50:34
  6. لَهُمْ مَا يَشَاءُونَ فِيهَا وَلَدَيْنَا مَزِيدٌ

    Царна шайна мел дезарг ду цу чохь. Тхоьгахь тӀетоха а ду

    50:35
  7. وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْنٍ هُمْ أَشَدُّ مِنْهُمْ بَطْشًا فَنَقَّبُوا فِي الْبِلَادِ هَلْ مِنْ مَحِيصٍ

    Мел /дукха/ хӀаллакйина Оха царал хьалха тӀаьхьенаш‚ уьш царал вуно а чӀогӀа а йолуш ницкъаца. Уьш дӀасхьаийдира махкахула‚ юй техьа /валарх/ кӀелхьарбовла меттиг?

    50:36
  8. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَذِكْرَىٰ لِمَنْ كَانَ لَهُ قَلْبٌ أَوْ أَلْقَى السَّمْعَ وَهُوَ شَهِيدٌ

    Баккъалла а, цу чохь хьехам бу-кх шен дог долчунна‚ я ша лерг диллинчунна /ладогӀа/, ша теш а волуш

    50:37
  9. وَلَقَدْ خَلَقْنَا السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَمَا بَيْنَهُمَا فِي سِتَّةِ أَيَّامٍ وَمَا مَسَّنَا مِنْ لُغُوبٍ

    Оха кхоьллира стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а ялх дийнахь‚ Тхох ца хьакхаделира цхьа а кӀаддалар

    50:38
  10. فَاصْبِرْ عَلَىٰ مَا يَقُولُونَ وَسَبِّحْ بِحَمْدِ رَبِّكَ قَبْلَ طُلُوعِ الشَّمْسِ وَقَبْلَ الْغُرُوبِ

    Ахь собар де цара дуьйцучунна тӀехь‚ тасбахь де хьуо Кхиош-кхобург хасторца малх схьакхетале а‚ дӀабузале а

    50:39
  11. وَمِنَ اللَّيْلِ فَسَبِّحْهُ وَأَدْبَارَ السُّجُودِ

    Буьйсанах а тасбахь де Цунна‚ сужданийн (ламазийн) тӀаьхьа а

    50:40
  12. وَاسْتَمِعْ يَوْمَ يُنَادِ الْمُنَادِ مِنْ مَكَانٍ قَرِيبٍ

    ЛадогӀа оцу дийнахь кхойкхучун (Исрафил маликан) кхайкхаре (сур лакхаре стигална) герга йолчу меттера (Байтул макъдисера)

    50:41
  13. يَوْمَ يَسْمَعُونَ الصَّيْحَةَ بِالْحَقِّ ۚ ذَٰلِكَ يَوْمُ الْخُرُوجِ

    Оцу дийнахь царна хозур бу мохь (Исрафил малико шолгӀа зурна локхуш юха денбар) бакъдеш. Иза арадовлу де ду /кешнашкара/

    50:42
  14. إِنَّا نَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَإِلَيْنَا الْمَصِيرُ

    Баккъалла а, Оха денбо‚ Оха болуьйту‚ Тхуна тӀе ду дӀадерзар а

    50:43
  15. يَوْمَ تَشَقَّقُ الْأَرْضُ عَنْهُمْ سِرَاعًا ۚ ذَٰلِكَ حَشْرٌ عَلَيْنَا يَسِيرٌ

    Оцу дийнахь латта дедар ду царах, /уьш/ сихлуш /шаьш кхойкхучунна тӀе/. Иза гулдар Тхуна атта ду

    50:44
  16. نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ ۖ وَمَا أَنْتَ عَلَيْهِمْ بِجَبَّارٍ ۖ فَذَكِّرْ بِالْقُرْآنِ مَنْ يَخَافُ وَعِيدِ

    Тхо дика хууш ду цара олург. Хьо вац царна тӀехь ницкъ бийриг. Хьехам бе Къуръанца Сан кхерамах кхоьруш волчунна

    50:45

Гочдар: Магомед Магомедов