Сурат 50 Къоф, аят 6 – 11
-
أَفَلَمْ يَنْظُرُوا إِلَى السَّمَاءِ فَوْقَهُمْ كَيْفَ بَنَيْنَاهَا وَزَيَّنَّاهَا وَمَا لَهَا مِنْ فُرُوجٍ
Уьш ца хьовсу шайна тӀехула /лаьттачу/ стигале‚ муха хӀоттийна Оха иза /цхьа а бӀогӀам а боцуш‚ муха/ хазйина‚ цуьнан цхьа а Ӏуьрг а ма дац
50:6 -
وَالْأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ زَوْجٍ بَهِيجٍ
Латта а даржина Оха‚ цу чохь дихкина Оха лаьмнаш‚ цу чохь ялийтина Оха массо а хазчу шиннах /ораматаш/
50:7 -
تَبْصِرَةً وَذِكْرَىٰ لِكُلِّ عَبْدٍ مُنِيبٍ
Гар а‚ хьехам а хилла /хилийтина Оха уьш/ массо а /Тхуна тōбанца/ твоьрзачу лена
50:8 -
وَنَزَّلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً مُبَارَكًا فَأَنْبَتْنَا بِهِ جَنَّاتٍ وَحَبَّ الْحَصِيدِ
Оха доссийра стиглара беркате хилла долу хи‚ цуьнца Оха ялийтина бошмаш а‚ ялтан буьртиг а
50:9 -
وَالنَّخْلَ بَاسِقَاتٍ لَهَا طَلْعٌ نَضِيدٌ
Деха (лекха) хурманан дитташ‚ шайн тӀеттӀа (могршца) стоьм а болуш
50:10 -
رِزْقًا لِلْعِبَادِ ۖ وَأَحْيَيْنَا بِهِ بَلْدَةً مَيْتًا ۚ كَذَٰلِكَ الْخُرُوجُ
/Делан/ лешна рицкъ а хилла. Цуьнца (догӀица) Оха денбина белла болу мохк. Иштта /хир/ ду /шун кешний чуьра/ арадовлар а
50:11
Гочдар: Магомед Магомедов