Сурат 51 Аз-зарийāт (Даржошдерш)

  1. وَفِي عَادٍ إِذْ أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمُ الرِّيحَ الْعَقِيمَ

    Iадашкахь а /делил ду шуна/ Оха бахийтира царна шайн тIаьхье хадош болу мох. (Шеца догIа доцу, беркат доцу мох)

    51:41
  2. مَا تَذَرُ مِنْ شَيْءٍ أَتَتْ عَلَيْهِ إِلَّا جَعَلَتْهُ كَالرَّمِيمِ

    Ца юьтуш ша тIе кхаьчна йолу хIума яхка елла хIума йой бен

    51:42
  3. وَفِي ثَمُودَ إِذْ قِيلَ لَهُمْ تَمَتَّعُوا حَتَّىٰ حِينٍ

    Самудашкахь а /ду делилш/. Цаьрга элира: '/Дуьненца зовкх хьоьгуш/ дāха /шаьш хллакдаран/ хан тIекхаччалц'

    51:43
  4. فَعَتَوْا عَنْ أَمْرِ رَبِّهِمْ فَأَخَذَتْهُمُ الصَّاعِقَةُ وَهُمْ يَنْظُرُونَ

    Шаьш Кхиош-кхобучун гIуллакхах дIабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохьо, шаьш хьоьжуш лаьтташ

    51:44
  5. فَمَا اسْتَطَاعُوا مِنْ قِيَامٍ وَمَا كَانُوا مُنْتَصِرِينَ

    Царна ца мегира гIовта а‚ шайна гIо деш а ца хилира уьш

    51:45
  6. وَقَوْمَ نُوحٍ مِنْ قَبْلُ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    Нухьан къомах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песакъ къам

    51:46
  7. وَالسَّمَاءَ بَنَيْنَاهَا بِأَيْدٍ وَإِنَّا لَمُوسِعُونَ

    Стигал Оха юьгIийра куьйгашца (ницкъаца). Баккъалла а, Тхо ницкъ кхочуш ду

    51:47
  8. وَالْأَرْضَ فَرَشْنَاهَا فَنِعْمَ الْمَاهِدُونَ

    Латта даржира Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду

    51:48
  9. وَمِنْ كُلِّ شَيْءٍ خَلَقْنَا زَوْجَيْنِ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    Массо а хIуманах Оха кхоьллира шиш‚ аш ойла ер яцара-те

    51:49
  10. فَفِرُّوا إِلَى اللَّهِ ۖ إِنِّي لَكُمْ مِنْهُ نَذِيرٌ مُبِينٌ

    /Элира Нухьас/: 'Ддовда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву

    51:50
  11. وَلَا تَجْعَلُوا مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۖ إِنِّي لَكُمْ مِنْهُ نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Ма хилийта Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву'

    51:51
  12. كَذَٰلِكَ مَا أَتَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا قَالُوا سَاحِرٌ أَوْ مَجْنُونٌ

    Иштта ца веана царал хьалха хиллачаьрга а цхьā а элча‚ цара олуш бен: 'Бозбуунча ву, я жинех ву'

    51:52
  13. أَتَوَاصَوْا بِهِ ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ طَاغُونَ

    Цара вовшашна цуьнца весет дора-те? ХIаъ. Уьш дозанех даьлла къам ду-кх

    51:53
  14. فَتَوَلَّ عَنْهُمْ فَمَا أَنْتَ بِمَلُومٍ

    Юхавала царах (дтаса уьш)‚ хьуна бехк буьллур бац

    51:54
  15. وَذَكِّرْ فَإِنَّ الذِّكْرَىٰ تَنْفَعُ الْمُؤْمِنِينَ

    Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъмин нахана

    51:55
  16. وَمَا خَلَقْتُ الْجِنَّ وَالْإِنْسَ إِلَّا لِيَعْبُدُونِ

    Ас ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадат дан бен

    51:56
  17. مَا أُرِيدُ مِنْهُمْ مِنْ رِزْقٍ وَمَا أُرِيدُ أَنْ يُطْعِمُونِ

    Суна ца деза цаьргара цхьа а рицкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар

    51:57
  18. إِنَّ اللَّهَ هُوَ الرَّزَّاقُ ذُو الْقُوَّةِ الْمَتِينُ

    Баккъалла а, Дела ву тIеттIа рицкъ луш верг а‚ ницкъ берг‚ чIогIа верг а

    51:58
  19. فَإِنَّ لِلَّذِينَ ظَلَمُوا ذَنُوبًا مِثْلَ ذَنُوبِ أَصْحَابِهِمْ فَلَا يَسْتَعْجِلُونِ

    Баккъалла а, зулам диначарна /Iазапах/ дāкъа ду, шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн декъах терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссон/

    51:59
  20. فَوَيْلٌ لِلَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ يَوْمِهِمُ الَّذِي يُوعَدُونَ

    Бāла бу цатешначарна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера

    51:60

Гочдар: Магомед Магомедов