Сурат 53 Ан-наджм (Седа), аят 1 – 12
-
وَالنَّجْمِ إِذَا هَوَىٰ
Седах /дуй боу Ас/, иза /лакхара/ охьабужуш:
53:1 -
مَا ضَلَّ صَاحِبُكُمْ وَمَا غَوَىٰ
Некъах д ца тили шун накъост (Мухьаммад пайхамар)‚ гала а ца вели
53:2 -
وَمَا يَنْطِقُ عَنِ الْهَوَىٰ
Цо ца дуьйцу шегара /шена дезарг/-
53:3 -
إِنْ هُوَ إِلَّا وَحْيٌ يُوحَىٰ
Иза деккъа вехьий ду, цуьнга дIахоуьйтуш долу /Дала/
53:4 -
عَلَّمَهُ شَدِيدُ الْقُوَىٰ
Иза (Мухьаммад пайхамар) Iамийна ша ницкъаца чIогIа долчо
53:5 -
ذُو مِرَّةٍ فَاسْتَوَىٰ
Шегахь ницкъ болчо. Иза (Джабраил малик) нийсса дIахIоьттира
53:6 -
وَهُوَ بِالْأُفُقِ الْأَعْلَىٰ
Ша лекхачу анахь долуш
53:7 -
ثُمَّ دَنَا فَتَدَلَّىٰ
ТIаккха иза гергахилира /Мухьаммад пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тIех гергадера, /элчане вехьий дахьаш/
53:8 -
فَكَانَ قَابَ قَوْسَيْنِ أَوْ أَدْنَىٰ
Иза хилира /гергахь/ шина Iадан барамехь‚ я кхин герга
53:9 -
فَأَوْحَىٰ إِلَىٰ عَبْدِهِ مَا أَوْحَىٰ
Иштта вехьи дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг
53:10 -
مَا كَذَبَ الْفُؤَادُ مَا رَأَىٰ
Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг
53:11 -
أَفَتُمَارُونَهُ عَلَىٰ مَا يَرَىٰ
Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гинчуьнца?
53:12
Гочдар: Магомед Магомедов