Сурат 53 Ан-наджм (Седа), аят 1 – 25

  1. وَالنَّجْمِ إِذَا هَوَىٰ

    Седах /дуй боу Ас/, иза /лакхара/ охьабужуш:

    53:1
  2. مَا ضَلَّ صَاحِبُكُمْ وَمَا غَوَىٰ

    Некъах д ца тили шун накъост (Мухьаммад пайхамар)‚ гала а ца вели

    53:2
  3. وَمَا يَنْطِقُ عَنِ الْهَوَىٰ

    Цо ца дуьйцу шегара /шена дезарг/-

    53:3
  4. إِنْ هُوَ إِلَّا وَحْيٌ يُوحَىٰ

    Иза деккъа вехьий ду, цуьнга дӀахоуьйтуш долу /Дала/

    53:4
  5. عَلَّمَهُ شَدِيدُ الْقُوَىٰ

    Иза (Мухьаммад пайхамар) Ӏамийна ша ницкъаца чӀогӀа долчо

    53:5
  6. ذُو مِرَّةٍ فَاسْتَوَىٰ

    Шегахь ницкъ болчо. Иза (Джабраил малик) нийсса дӀахӀоьттира

    53:6
  7. وَهُوَ بِالْأُفُقِ الْأَعْلَىٰ

    Ша лекхачу анахь долуш

    53:7
  8. ثُمَّ دَنَا فَتَدَلَّىٰ

    ТӀаккха иза гергахилира /Мухьаммад пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тӀех гергадера, /элчане вехьий дахьаш/

    53:8
  9. فَكَانَ قَابَ قَوْسَيْنِ أَوْ أَدْنَىٰ

    Иза хилира /гергахь/ шина Ӏадан барамехь‚ я кхин герга

    53:9
  10. فَأَوْحَىٰ إِلَىٰ عَبْدِهِ مَا أَوْحَىٰ

    Иштта вехьи дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг

    53:10
  11. مَا كَذَبَ الْفُؤَادُ مَا رَأَىٰ

    Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг

    53:11
  12. أَفَتُمَارُونَهُ عَلَىٰ مَا يَرَىٰ

    Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гинчуьнца?

    53:12
  13. وَلَقَدْ رَآهُ نَزْلَةً أُخْرَىٰ

    Цунна (Мухьаммад пайхамарна) иза гира кхин а охьадоссарехь (кхин цкъа дуссуш)

    53:13
  14. عِنْدَ سِدْرَةِ الْمُنْتَهَىٰ

    Чакхенан /дозанан/ лотос диттана гергахь

    53:14
  15. عِنْدَهَا جَنَّةُ الْمَأْوَىٰ

    Цунна гергахь ю /ялсаманин/ чугӀойлан беш

    53:15
  16. إِذْ يَغْشَى السِّدْرَةَ مَا يَغْشَىٰ

    /Мухьаммад пайхамарна гира и дитт ша тамаше/ хмнаша хьулдечу хенахь

    53:16
  17. مَا زَاغَ الْبَصَرُ وَمَا طَغَىٰ

    ДӀа ца тилина /пайхамаран/ бӀаьрса‚ дозанах ца даьлла

    53:17
  18. لَقَدْ رَأَىٰ مِنْ آيَاتِ رَبِّهِ الْكُبْرَىٰ

    Цунна гира шен Кхиош-кхобучун даккхийчу аятех /аяташ/

    53:18
  19. أَفَرَأَيْتُمُ اللَّاتَ وَالْعُزَّىٰ

    Аш дийцал суна Ал-латах а‚ Ал-Ӏуззах а,

    53:19
  20. وَمَنَاةَ الثَّالِثَةَ الْأُخْرَىٰ

    Кхин кхозлагӀа Манатах а. /Буй церан Делан санна ницкъ?/

    53:20
  21. أَلَكُمُ الذَّكَرُ وَلَهُ الْأُنْثَىٰ

    Ткъа шуна божабераш ду‚ Цунна зудабераш ду?

    53:21
  22. تِلْكَ إِذًا قِسْمَةٌ ضِيزَىٰ

    Иза декъаза дāкъа ма ду

    53:22
  23. إِنْ هِيَ إِلَّا أَسْمَاءٌ سَمَّيْتُمُوهَا أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمْ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ بِهَا مِنْ سُلْطَانٍ ۚ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَمَا تَهْوَى الْأَنْفُسُ ۖ وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مِنْ رَبِّهِمُ الْهُدَىٰ

    Уьш еккъа цӀерш ю, аша а‚ шун дайша а техкина йолу. Дала цхьа а бакъо ца йоссина /царах лаьцна/. Уьш тӀаьхьахӀуьттуш ма бу деккъа шайн мотталуш долчунна а‚ /шайн/ дегнашна дезачунна а. Цаьрга ма беана шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийса некъ

    53:23
  24. أَمْ لِلْإِنْسَانِ مَا تَمَنَّىٰ

    Я адамна шена дезарг ду?

    53:24
  25. فَلِلَّهِ الْآخِرَةُ وَالْأُولَىٰ

    Делан ю тӀаьхьарниг (эхарт) а, хьалхарниг (дуьне) а

    53:25

Гочдар: Магомед Магомедов