Сурат 53 Ан-наджм (Седа), аят 26 – 32
-
وَكَمْ مِنْ مَلَكٍ فِي السَّمَاوَاتِ لَا تُغْنِي شَفَاعَتُهُمْ شَيْئًا إِلَّا مِنْ بَعْدِ أَنْ يَأْذَنَ اللَّهُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيَرْضَىٰ
Маса малик ду стигланашкахь, шайн шапаӀаташа хӀумма а кӀелхьардохур доцуш, Дала Шена луучунна пурба делча а бен‚ И реза хилча а бен!!
53:26 -
إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ لَيُسَمُّونَ الْمَلَائِكَةَ تَسْمِيَةَ الْأُنْثَىٰ
Баккъалла а, эхартах цатешачара йоккху маликех зударийн цӀе
53:27 -
وَمَا لَهُمْ بِهِ مِنْ عِلْمٍ ۖ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ ۖ وَإِنَّ الظَّنَّ لَا يُغْنِي مِنَ الْحَقِّ شَيْئًا
Цуьнца цхьа а Ӏилма ма дац церан. Уьш тӀаьхьахӀуьттуш ма бу деккъа моттарна. Ткъа моттаро хӀумма а хийцор дац бакъдолчух
53:28 -
فَأَعْرِضْ عَنْ مَنْ تَوَلَّىٰ عَنْ ذِكْرِنَا وَلَمْ يُرِدْ إِلَّا الْحَيَاةَ الدُّنْيَا
Хьо дӀаверза Тхан хьехамах юхаваьллачух‚ дуьненан дахар бен шена ца дезаш волчух
53:29 -
ذَٰلِكَ مَبْلَغُهُمْ مِنَ الْعِلْمِ ۚ إِنَّ رَبَّكَ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنْ ضَلَّ عَنْ سَبِيلِهِ وَهُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اهْتَدَىٰ
Иза ю церан Ӏилманах кхиаран дарж. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург (хьан Дела) Иза ву дика вевзаш Шен некъах тилавелларг а, Иза ву дика вевзаш ша нисвелларг а
53:30 -
وَلِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ لِيَجْزِيَ الَّذِينَ أَسَاءُوا بِمَا عَمِلُوا وَيَجْزِيَ الَّذِينَ أَحْسَنُوا بِالْحُسْنَى
Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг Цо бекхам бархьама вон хиллачарна цара динчуьнца‚ Цо бекхам бан дика диначарна уггар дикачуьнца
53:31 -
الَّذِينَ يَجْتَنِبُونَ كَبَائِرَ الْإِثْمِ وَالْفَوَاحِشَ إِلَّا اللَّمَمَ ۚ إِنَّ رَبَّكَ وَاسِعُ الْمَغْفِرَةِ ۚ هُوَ أَعْلَمُ بِكُمْ إِذْ أَنْشَأَكُمْ مِنَ الْأَرْضِ وَإِذْ أَنْتُمْ أَجِنَّةٌ فِي بُطُونِ أُمَّهَاتِكُمْ ۖ فَلَا تُزَكُّوا أَنْفُسَكُمْ ۖ هُوَ أَعْلَمُ بِمَنِ اتَّقَىٰ
Ишттанаш бу уьш, шаьш генабовлуш къинойх даккхичарах а‚ боьхучух а, кегийнаш бен /ца долуьйтуш шайгара/. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург Шегахь шортта гечдар долуш ву-кх. Иза дика хууш ву шух дерг шу Ша лаьттах кхуллучу хенахь а‚ шу шайн нанойн кийрахь хӀу долчу хенахь а. Шаьш цӀан ма де Цунна дика вевзаш ву /Делах/ кхоьруш верг!
53:32
Гочдар: Магомед Магомедов