Сурат 53 Ан-наджм (Седа), аят 33 – 62
-
أَفَرَأَيْتَ الَّذِي تَوَلَّىٰ
Дийцал /хӀай Мухьаммад/ цу /ийманах/ юхаваьллачух
53:33 -
وَأَعْطَىٰ قَلِيلًا وَأَكْدَىٰ
КӀеззиг /сагӀа/ делира цо‚ тӀаккха дӀакъевлира /сагӀа ца луш/
53:34 -
أَعِنْدَهُ عِلْمُ الْغَيْبِ فَهُوَ يَرَىٰ
Ткъа цуьнгахь ду-те къайленан Ӏилма, цунна ган а гуш?
53:35 -
أَمْ لَمْ يُنَبَّأْ بِمَا فِي صُحُفِ مُوسَىٰ
Я цуьнга ца дийцина-те Мусан жайнашкахь дерг?
53:36 -
وَإِبْرَاهِيمَ الَّذِي وَفَّىٰ
ИбрахӀиман а /жайнашкахь дерг/‚ ша кхочушдина хилла волчу /шена Дала тӀедихкинарш/
53:37 -
أَلَّا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ
/Цуьнга ца дийцина-те/: хьур бац хьочо кхечун мохь‚ аьлла‚
53:38 -
وَأَنْ لَيْسَ لِلْإِنْسَانِ إِلَّا مَا سَعَىٰ
Дац адамна ша къахьегнарг бен‚ аьлла‚
53:39 -
وَأَنَّ سَعْيَهُ سَوْفَ يُرَىٰ
Цуьнан къахьегар тӀаьхьа гур ду‚ аьлла‚
53:40 -
ثُمَّ يُجْزَاهُ الْجَزَاءَ الْأَوْفَىٰ
ТӀаьхьа хир бу цунна сов нийса болу бекхам‚ аьлла‚
53:41 -
وَأَنَّ إِلَىٰ رَبِّكَ الْمُنْتَهَىٰ
Хьо Кхиош-кхобучуьнга ю /хьан/ чакхе‚ аьлла‚
53:42 -
وَأَنَّهُ هُوَ أَضْحَكَ وَأَبْكَىٰ
Баккъалла а, Иза ву воьлуьйтург а‚ /Иза ву/ воьлхуьйтург‚ аьлла
53:43 -
وَأَنَّهُ هُوَ أَمَاتَ وَأَحْيَا
Баккъалла а, Иза ву волуьйтург а‚ /Иза ву/ денвийриг‚ аьлла‚
53:44 -
وَأَنَّهُ خَلَقَ الزَّوْجَيْنِ الذَّكَرَ وَالْأُنْثَىٰ
Баккъалла а, Цо кхоьллина шишша боьрша а‚ сте а‚ аьлла
53:45 -
مِنْ نُطْفَةٍ إِذَا تُمْنَىٰ
/Цхьана/ тӀадамах, иза кхоссабелча /ненан кийрахь долчу беран цӀа чу/‚ аьлла
53:46 -
وَأَنَّ عَلَيْهِ النَّشْأَةَ الْأُخْرَىٰ
Цунна тӀехь кхин цхьа кхоллар (белларш денбар) ду‚ аьлла
53:47 -
وَأَنَّهُ هُوَ أَغْنَىٰ وَأَقْنَىٰ
Баккъалла а, Иза ву‚ аьлла‚ хьал делларг а‚ /шега/ тардайтинарг а /рицкъ/
53:48 -
وَأَنَّهُ هُوَ رَبُّ الشِّعْرَىٰ
Баккъалла а, Иза ву Сириус цӀе йолу седа Кхобург (цуьнан Дела а)‚ аьлла
53:49 -
وَأَنَّهُ أَهْلَكَ عَادًا الْأُولَىٰ
Баккъалла а, Иза ву аьлла Ша хӀаллакбинарг хьалхалера Ӏадаш
53:50 -
وَثَمُودَ فَمَا أَبْقَىٰ
Самудаш а‚ /цхьа а/ буха ца витира /царах/‚
53:51 -
وَقَوْمَ نُوحٍ مِنْ قَبْلُ ۖ إِنَّهُمْ كَانُوا هُمْ أَظْلَمَ وَأَطْغَىٰ
Нухьан къам а‚ хьалха. Баккъалла а, уьш хилира вуно зуламе а‚ вуно дозанех бевлла а
53:52 -
وَالْمُؤْتَفِكَةَ أَهْوَىٰ
Муътафикат а хьалаяьккхина охьатуьйхира Цо
53:53 -
فَغَشَّاهَا مَا غَشَّىٰ
ДӀахьулйира Цо уьш‚ Ша дӀахьулйинарг
53:54 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكَ تَتَمَارَىٰ
Хьан Кхиош-кхобучун муьлхачу ниӀматаца къуьйсу ахь‚ /хӀай адам/?
53:55 -
هَٰذَا نَذِيرٌ مِنَ النُّذُرِ الْأُولَىٰ
ХӀара (Мухьаммад пайхамар) кхерамча ву хьалхалерчу кхерамчех волуш
53:56 -
أَزِفَتِ الْآزِفَةُ
ТӀекхечи цӀеххьана тӀекхочург (къематде)
53:57 -
لَيْسَ لَهَا مِنْ دُونِ اللَّهِ كَاشِفَةٌ
Ма вац цунна Дела воцург дӀадоьллуш верг
53:58 -
أَفَمِنْ هَٰذَا الْحَدِيثِ تَعْجَبُونَ
Ткъа цу хабарх а цецдовлу шу?
53:59 -
وَتَضْحَكُونَ وَلَا تَبْكُونَ
Доьлу шу? Ца доьлху шу?
53:60 -
وَأَنْتُمْ سَامِدُونَ
Ма гвпал ду шу (шайга дуьйцург тидаме ца оьцуш, хан эрна йойуш)!
53:61 -
فَاسْجُدُوا لِلَّهِ وَاعْبُدُوا ۩
Аш Далла сужуд де‚ /Цунна/ Ӏибадат а де!
53:62
Гочдар: Магомед Магомедов