Сурат 53 Ан-наджм (Седа), аят 38 – 41

  1. أَلَّا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ

    /Цуьнга ца дийцина-те/: хьур бац хьочо кхечун мохь‚ аьлла‚

    53:38
  2. وَأَنْ لَيْسَ لِلْإِنْسَانِ إِلَّا مَا سَعَىٰ

    Дац адамна ша къахьегнарг бен‚ аьлла‚

    53:39
  3. وَأَنَّ سَعْيَهُ سَوْفَ يُرَىٰ

    Цуьнан къахьегар тӀаьхьа гур ду‚ аьлла‚

    53:40
  4. ثُمَّ يُجْزَاهُ الْجَزَاءَ الْأَوْفَىٰ

    ТӀаьхьа хир бу цунна сов нийса болу бекхам‚ аьлла‚

    53:41

Гочдар: Магомед Магомедов