Сурат 53 Ан-наджм (Седа), аят 5 – 14

  1. عَلَّمَهُ شَدِيدُ الْقُوَىٰ

    Иза (Мухьаммад пайхамар) Ӏамийна ша ницкъаца чӀогӀа долчо

    53:5
  2. ذُو مِرَّةٍ فَاسْتَوَىٰ

    Шегахь ницкъ болчо. Иза (Джабраил малик) нийсса дӀахӀоьттира

    53:6
  3. وَهُوَ بِالْأُفُقِ الْأَعْلَىٰ

    Ша лекхачу анахь долуш

    53:7
  4. ثُمَّ دَنَا فَتَدَلَّىٰ

    ТӀаккха иза гергахилира /Мухьаммад пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тӀех гергадера, /элчане вехьий дахьаш/

    53:8
  5. فَكَانَ قَابَ قَوْسَيْنِ أَوْ أَدْنَىٰ

    Иза хилира /гергахь/ шина Ӏадан барамехь‚ я кхин герга

    53:9
  6. فَأَوْحَىٰ إِلَىٰ عَبْدِهِ مَا أَوْحَىٰ

    Иштта вехьи дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг

    53:10
  7. مَا كَذَبَ الْفُؤَادُ مَا رَأَىٰ

    Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг

    53:11
  8. أَفَتُمَارُونَهُ عَلَىٰ مَا يَرَىٰ

    Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гинчуьнца?

    53:12
  9. وَلَقَدْ رَآهُ نَزْلَةً أُخْرَىٰ

    Цунна (Мухьаммад пайхамарна) иза гира кхин а охьадоссарехь (кхин цкъа дуссуш)

    53:13
  10. عِنْدَ سِدْرَةِ الْمُنْتَهَىٰ

    Чакхенан /дозанан/ лотос диттана гергахь

    53:14

Гочдар: Магомед Магомедов