Сурат 53 Ан-наджм (Седа), аят 6 – 18

  1. ذُو مِرَّةٍ فَاسْتَوَىٰ

    Шегахь ницкъ болчо. Иза (Джабраил малик) нийсса дIахIоьттира

    53:6
  2. وَهُوَ بِالْأُفُقِ الْأَعْلَىٰ

    Ша лекхачу анахь долуш

    53:7
  3. ثُمَّ دَنَا فَتَدَلَّىٰ

    ТIаккха иза гергахилира /Мухьаммад пайхамарна адамийн куьцехь/‚ кхин тIех гергадера, /элчане вехьий дахьаш/

    53:8
  4. فَكَانَ قَابَ قَوْسَيْنِ أَوْ أَدْنَىٰ

    Иза хилира /гергахь/ шина Iадан барамехь‚ я кхин герга

    53:9
  5. فَأَوْحَىٰ إِلَىٰ عَبْدِهِ مَا أَوْحَىٰ

    Иштта вехьи дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг

    53:10
  6. مَا كَذَبَ الْفُؤَادُ مَا رَأَىٰ

    Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг

    53:11
  7. أَفَتُمَارُونَهُ عَلَىٰ مَا يَرَىٰ

    Ткъа аш къуйсу цуьнца (пайхамарца) цунна гинчуьнца?

    53:12
  8. وَلَقَدْ رَآهُ نَزْلَةً أُخْرَىٰ

    Цунна (Мухьаммад пайхамарна) иза гира кхин а охьадоссарехь (кхин цкъа дуссуш)

    53:13
  9. عِنْدَ سِدْرَةِ الْمُنْتَهَىٰ

    Чакхенан /дозанан/ лотос диттана гергахь

    53:14
  10. عِنْدَهَا جَنَّةُ الْمَأْوَىٰ

    Цунна гергахь ю /ялсаманин/ чугIойлан беш

    53:15
  11. إِذْ يَغْشَى السِّدْرَةَ مَا يَغْشَىٰ

    /Мухьаммад пайхамарна гира и дитт ша тамаше/ хмнаша хьулдечу хенахь

    53:16
  12. مَا زَاغَ الْبَصَرُ وَمَا طَغَىٰ

    ДIа ца тилина /пайхамаран/ бIаьрса‚ дозанах ца даьлла

    53:17
  13. لَقَدْ رَأَىٰ مِنْ آيَاتِ رَبِّهِ الْكُبْرَىٰ

    Цунна гира шен Кхиош-кхобучун даккхийчу аятех /аяташ/

    53:18

Гочдар: Магомед Магомедов