Сурат 54 Аль-къамар (Бутт), аят 1 – 22
-
اقْتَرَبَتِ السَّاعَةُ وَانْشَقَّ الْقَمَرُ
Гергадеана сахьт (къематде)‚ бутт ахбаьллера
54:1 -
وَإِنْ يَرَوْا آيَةً يُعْرِضُوا وَيَقُولُوا سِحْرٌ مُسْتَمِرٌّ
Шайна делил (муӀжизат) гича а, уьш (цатешарш) юхабовлу /ийманах/‚ цара олу: 'Дахделла бозбуунчалла ду'
54:2 -
وَكَذَّبُوا وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءَهُمْ ۚ وَكُلُّ أَمْرٍ مُسْتَقِرٌّ
Цара харцдира /пайхамар ваийтар/‚ уьш тӀаьхьабаьзира шайн дезаршна. Массо а гӀуллакх /диканиг а‚ вониг а/ чӀагӀделла ду /шен тоьхна хан йолуш/
54:3 -
وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مِنَ الْأَنْبَاءِ مَا فِيهِ مُزْدَجَرٌ
Цаьрга деара май хабарш /хьалхалера Делах ца тешаш хилла болу нах хӀаллакбарах лаьцна долу/‚ шайна чохь /уьш къинах/ юхаозар а долуш
54:4 -
حِكْمَةٌ بَالِغَةٌ ۖ فَمَا تُغْنِ النُّذُرُ
КӀорггара хьикмат а /деара цаьрга/. Пайда ца бора кхерамаша (хьехамаша)
54:5 -
فَتَوَلَّ عَنْهُمْ ۘ يَوْمَ يَدْعُ الدَّاعِ إِلَىٰ شَيْءٍ نُكُرٍ
Генавала царах‚ /бита уьш/ кхойкхучо ца дезачу хӀумане шаьш кхойкху /къемат/де ткхаччалц
54:6 -
خُشَّعًا أَبْصَارُهُمْ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ كَأَنَّهُمْ جَرَادٌ مُنْتَشِرٌ
БӀаьргаш хьетӀабаьлла /дукха кхерабаларна/, арабовлур бу уьш кешнашкара, даьржина цӀоз санна
54:7 -
مُهْطِعِينَ إِلَى الدَّاعِ ۖ يَقُولُ الْكَافِرُونَ هَٰذَا يَوْمٌ عَسِرٌ
/Шайга/ кхойкхуш волчунна /тӀе кхача/ сихбелла. /Эццахь/ цатешачара эр ду: 'Ма хала де ду-кх хӀара!'
54:8 -
كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ فَكَذَّبُوا عَبْدَنَا وَقَالُوا مَجْنُونٌ وَازْدُجِرَ
Харцдира /дин/ царал (къурайшал) хьалха Нухьан къомо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: 'Жинийх ву иза'‚ тӀаккха иза дӀаэккхира
54:9 -
فَدَعَا رَبَّهُ أَنِّي مَغْلُوبٌ فَانْتَصِرْ
ТӀаккха цо кхийкхира ша Кхиош-кхобучуьнга: 'Баккъалла а, со эшийна. Ахь гӀо де-хьа суна!'
54:10 -
فَفَتَحْنَا أَبْوَابَ السَّمَاءِ بِمَاءٍ مُنْهَمِرٍ
ТӀаккха Оха дӀаеллира стигланан неӀарш дӀакхуьссуш долчу хица
54:11 -
وَفَجَّرْنَا الْأَرْضَ عُيُونًا فَالْتَقَى الْمَاءُ عَلَىٰ أَمْرٍ قَدْ قُدِرَ
Лаьттах схьадехира Оха хьосташ, хи вовшахкхийтира ша язделла хилла долчу омрана тӀехь
54:12 -
وَحَمَلْنَاهُ عَلَىٰ ذَاتِ أَلْوَاحٍ وَدُسُرٍ
Оха дӀаваьхьира иза (Нухь кема тӀехь) аннаш а‚ хьостамаш а долчу
54:13 -
تَجْرِي بِأَعْيُنِنَا جَزَاءً لِمَنْ كَانَ كُفِرَ
Иза (кема) дӀаихара Тхан бӀаьргий хьалхахь ша харцвина хиллачеран бекхамна
54:14 -
وَلَقَدْ تَرَكْنَاهَا آيَةً فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха дитира иза делил хилла‚ вуй цхьа а иза тергал деш верг?
54:15 -
فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
Муха дара Сан Ӏазап а‚ кхерамтасар а?
54:16 -
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург? /маде и, ойла йе цунах!/
54:17 -
كَذَّبَتْ عَادٌ فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
Харцдира /дин/ Ӏадаша а. Муха хилира Сан Ӏазап а‚ кхерамтасар а?
54:18 -
إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي يَوْمِ نَحْسٍ مُسْتَمِرٍّ
Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь
54:19 -
تَنْزِعُ النَّاسَ كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ مُنْقَعِرٍ
Цо схьабохура нах /шаьш болчуьра/, уьш буьсуш /лаьттах/ схьадохуш долу хурманан диттийн орамаш санна
54:20 -
فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ
Муха хилира Сан Ӏазап а‚ кхерамтасар а?
54:21 -
وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха атта дира Къуръан дагалацан. Вуй цхьа а дагалоцург?
54:22
Гочдар: Магомед Магомедов