Сурат 54 Аль-къамар (Бутт)

  1. اقْتَرَبَتِ السَّاعَةُ وَانْشَقَّ الْقَمَرُ

    Гергадеана сахьт (къематде)‚ бутт ахбаьллера

    54:1
  2. وَإِنْ يَرَوْا آيَةً يُعْرِضُوا وَيَقُولُوا سِحْرٌ مُسْتَمِرٌّ

    Шайна делил (муIжизат) гича а, уьш (цатешарш) юхабовлу /ийманах/‚ цара олу: 'Дахделла бозбуунчалла ду'

    54:2
  3. وَكَذَّبُوا وَاتَّبَعُوا أَهْوَاءَهُمْ ۚ وَكُلُّ أَمْرٍ مُسْتَقِرٌّ

    Цара харцдира /пайхамар ваийтар/‚ уьш тIаьхьабаьзира шайн дезаршна. Массо а гIуллакх /диканиг а‚ вониг а/ чIагIделла ду /шен тоьхна хан йолуш/

    54:3
  4. وَلَقَدْ جَاءَهُمْ مِنَ الْأَنْبَاءِ مَا فِيهِ مُزْدَجَرٌ

    Цаьрга деара май хабарш /хьалхалера Делах ца тешаш хилла болу нах хIаллакбарах лаьцна долу/‚ шайна чохь /уьш къинах/ юхаозар а долуш

    54:4
  5. حِكْمَةٌ بَالِغَةٌ ۖ فَمَا تُغْنِ النُّذُرُ

    КIорггара хьикмат а /деара цаьрга/. Пайда ца бора кхерамаша (хьехамаша)

    54:5
  6. فَتَوَلَّ عَنْهُمْ ۘ يَوْمَ يَدْعُ الدَّاعِ إِلَىٰ شَيْءٍ نُكُرٍ

    Генавала царах‚ /бита уьш/ кхойкхучо ца дезачу хIумане шаьш кхойкху /къемат/де ткхаччалц

    54:6
  7. خُشَّعًا أَبْصَارُهُمْ يَخْرُجُونَ مِنَ الْأَجْدَاثِ كَأَنَّهُمْ جَرَادٌ مُنْتَشِرٌ

    БIаьргаш хьетIабаьлла /дукха кхерабаларна/, арабовлур бу уьш кешнашкара, даьржина цIоз санна

    54:7
  8. مُهْطِعِينَ إِلَى الدَّاعِ ۖ يَقُولُ الْكَافِرُونَ هَٰذَا يَوْمٌ عَسِرٌ

    /Шайга/ кхойкхуш волчунна /тIе кхача/ сихбелла. /Эццахь/ цатешачара эр ду: 'Ма хала де ду-кх хIара!'

    54:8
  9. كَذَّبَتْ قَبْلَهُمْ قَوْمُ نُوحٍ فَكَذَّبُوا عَبْدَنَا وَقَالُوا مَجْنُونٌ وَازْدُجِرَ

    Харцдира /дин/ царал (къурайшал) хьалха Нухьан къомо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: 'Жинийх ву иза'‚ тIаккха иза дIаэккхира

    54:9
  10. فَدَعَا رَبَّهُ أَنِّي مَغْلُوبٌ فَانْتَصِرْ

    ТIаккха цо кхийкхира ша Кхиош-кхобучуьнга: 'Баккъалла а, со эшийна. Ахь гIо де-хьа суна!'

    54:10
  11. فَفَتَحْنَا أَبْوَابَ السَّمَاءِ بِمَاءٍ مُنْهَمِرٍ

    ТIаккха Оха дIаеллира стигланан неIарш дIакхуьссуш долчу хица

    54:11
  12. وَفَجَّرْنَا الْأَرْضَ عُيُونًا فَالْتَقَى الْمَاءُ عَلَىٰ أَمْرٍ قَدْ قُدِرَ

    Лаьттах схьадехира Оха хьосташ, хи вовшахкхийтира ша язделла хилла долчу омрана тIехь

    54:12
  13. وَحَمَلْنَاهُ عَلَىٰ ذَاتِ أَلْوَاحٍ وَدُسُرٍ

    Оха дIаваьхьира иза (Нухь кема тIехь) аннаш а‚ хьостамаш а долчу

    54:13
  14. تَجْرِي بِأَعْيُنِنَا جَزَاءً لِمَنْ كَانَ كُفِرَ

    Иза (кема) дIаихара Тхан бIаьргий хьалхахь ша харцвина хиллачеран бекхамна

    54:14
  15. وَلَقَدْ تَرَكْنَاهَا آيَةً فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха дитира иза делил хилла‚ вуй цхьа а иза тергал деш верг?

    54:15
  16. فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ

    Муха дара Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

    54:16
  17. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург? /маде и, ойла йе цунах!/

    54:17
  18. كَذَّبَتْ عَادٌ فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ

    Харцдира /дин/ Iадаша а. Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

    54:18
  19. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ رِيحًا صَرْصَرًا فِي يَوْمِ نَحْسٍ مُسْتَمِرٍّ

    Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь

    54:19
  20. تَنْزِعُ النَّاسَ كَأَنَّهُمْ أَعْجَازُ نَخْلٍ مُنْقَعِرٍ

    Цо схьабохура нах /шаьш болчуьра/, уьш буьсуш /лаьттах/ схьадохуш долу хурманан диттийн орамаш санна

    54:20

Гочдар: Магомед Магомедов