Сурат 54 Аль-къамар (Бутт), аят 23 – 40

  1. كَذَّبَتْ ثَمُودُ بِالنُّذُرِ

    Харцбира самудаша а кхерамаш (хьехамаш)

    54:23
  2. فَقَالُوا أَبَشَرًا مِنَّا وَاحِدًا نَتَّبِعُهُ إِنَّا إِذًا لَفِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ

    Цара (самудаша) элира: 'Тхайх цхьана адамна тӀаьхьадезар ду тхо? ТӀаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ жинийх а

    54:24
  3. أَأُلْقِيَ الذِّكْرُ عَلَيْهِ مِنْ بَيْنِنَا بَلْ هُوَ كَذَّابٌ أَشِرٌ

    /Цара элира/:'Вайна юккъера /деккъа/ цуьнга доссийна вехьий? ХӀа-хӀа! Иза ву-кх кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг'

    54:25
  4. سَيَعْلَمُونَ غَدًا مَنِ الْكَذَّابُ الْأَشِرُ

    Хуур ду царна кхана‚ мила ву кураваьлла /сов/ харцлуьйш верг

    54:26
  5. إِنَّا مُرْسِلُو النَّاقَةِ فِتْنَةً لَهُمْ فَارْتَقِبْهُمْ وَاصْطَبِرْ

    Оха йохуьйтур эмкал царна питна хилла. Хьо хьажал цаьрга /хӀай Салихь/‚ собаре а хилла

    54:27
  6. وَنَبِّئْهُمْ أَنَّ الْمَاءَ قِسْمَةٌ بَيْنَهُمْ ۖ كُلُّ شِرْبٍ مُحْتَضَرٌ

    Āла цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юкъахь: хӀоранна а шен малар хир ду /шен хенахь/

    54:28
  7. فَنَادَوْا صَاحِبَهُمْ فَتَعَاطَىٰ فَعَقَرَ

    Цара кхийкхира шайн накъосте‚ Цо /шен куьйга/ схьаийцира /шаьлта/‚ /эмкална/ хьекхира

    54:29
  8. فَكَيْفَ كَانَ عَذَابِي وَنُذُرِ

    Муха хилира Сан Ӏазап а‚ кхерамтасар а?

    54:30
  9. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ صَيْحَةً وَاحِدَةً فَكَانُوا كَهَشِيمِ الْمُحْتَظِرِ

    Оха бахийтира царна тӀе цхьа /чӀогӀа/ мохь уьш /белла/ бисира, /шен бежнашна/ керт йинчун якъаелла /дечиган/ юьхкаш санна

    54:31
  10. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалаца. Вуй цхьа а дагалоцург?

    54:32
  11. كَذَّبَتْ قَوْمُ لُوطٍ بِالنُّذُرِ

    Харцбира ЛутӀан къомо кхерамаш (хьехамаш)

    54:33
  12. إِنَّا أَرْسَلْنَا عَلَيْهِمْ حَاصِبًا إِلَّا آلَ لُوطٍ ۖ نَجَّيْنَاهُمْ بِسَحَرٍ

    Оха бахийтира царна тӀе тӀулгаш хьош болу мох‚ ЛутӀан доьзал юкъара- боккхуш. Уьш кӀелхьарбаьхира Оха сатосуш

    54:34
  13. نِعْمَةً مِنْ عِنْدِنَا ۚ كَذَٰلِكَ نَجْزِي مَنْ شَكَرَ

    Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукур дечунна

    54:35
  14. وَلَقَدْ أَنْذَرَهُمْ بَطْشَتَنَا فَتَمَارَوْا بِالنُّذُرِ

    Цо (ЛутӀас) кхерам тесира царна Тхан ницкъаца цара шеко йира кхерам тасарх

    54:36
  15. وَلَقَدْ رَاوَدُوهُ عَنْ ضَيْفِهِ فَطَمَسْنَا أَعْيُنَهُمْ فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ

    Цуьнгара (ЛутӀера) цуьнан хьеший схьабаха хьевсира уьш Оха бӀаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: 'ХӀинца Ӏовша шайна Сан Ӏазап а‚ Сан кхерам а'

    54:37
  16. وَلَقَدْ صَبَّحَهُمْ بُكْرَةً عَذَابٌ مُسْتَقِرٌّ

    Схьалецира уьш Ӏуьйрана чӀагӀделлачу Ӏазапо

    54:38
  17. فَذُوقُوا عَذَابِي وَنُذُرِ

    'Ӏовша шайна Сан Ӏазап а‚ Сан кхерам а'

    54:39
  18. وَلَقَدْ يَسَّرْنَا الْقُرْآنَ لِلذِّكْرِ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ

    Оха атта дира Къуръан дагалаца‚ вуй цхьа а дагалоцург?

    54:40

Гочдар: Магомед Магомедов