Сурат 54 Аль-къамар (Бутт), аят 41 – 55
-
وَلَقَدْ جَاءَ آلَ فِرْعَوْنَ النُّذُرُ
ФирӀавнан охӀлана тӀе а баьхкира кхерамчаш
54:41 -
كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا كُلِّهَا فَأَخَذْنَاهُمْ أَخْذَ عَزِيزٍ مُقْتَدِرٍ
Цара харцдира Тхан аяташ дерриге а Оха схьалецира уьш Веза волчун‚ ницкъ Болчун схьалацарца
54:42 -
أَكُفَّارُكُمْ خَيْرٌ مِنْ أُولَٰئِكُمْ أَمْ لَكُمْ بَرَاءَةٌ فِي الزُّبُرِ
Шун цатешарш дика бу царал /хӀай къурайшаш/ я шу цӀена хиларан бакъо ю Зубурий чохь?
54:43 -
أَمْ يَقُولُونَ نَحْنُ جَمِيعٌ مُنْتَصِرٌ
Я цара (Абу ДжахӀла и санначара) олу: 'Вай дерриг /цхьана хилча/, тоьлур ду /Мухьаммадал/'‚
54:44 -
سَيُهْزَمُ الْجَمْعُ وَيُوَلُّونَ الدُّبُرَ
Берриг /уьш/ эшор бу бовдур бу уьш
54:45 -
بَلِ السَّاعَةُ مَوْعِدُهُمْ وَالسَّاعَةُ أَدْهَىٰ وَأَمَرُّ
ХӀаъ‚ сахьт (къематде) ду царна тоьхна хан. И сахьт вуно ирча а ду‚ вуно къаьхьа а ду
54:46 -
إِنَّ الْمُجْرِمِينَ فِي ضَلَالٍ وَسُعُرٍ
Баккъалла а, къинош динарш /дуьненахь/ хьере а‚ /эхартахь/ жоьжахатин цӀергахь бегар болуш ма бу
54:47 -
يَوْمَ يُسْحَبُونَ فِي النَّارِ عَلَىٰ وُجُوهِهِمْ ذُوقُوا مَسَّ سَقَرَ
Оцу дийнахь уьш такхор ма бу шайн яххьий тӀехь цӀерга. /Эр ду/: 'Ӏовша шайна сакъарах хьакхадалар!'
54:48 -
إِنَّا كُلَّ شَيْءٍ خَلَقْنَاهُ بِقَدَرٍ
Оха массо а хӀума кхоьллина шен барамехь
54:49 -
وَمَا أَمْرُنَا إِلَّا وَاحِدَةٌ كَلَمْحٍ بِالْبَصَرِ
Тхан омра-м цхьа /дош/ бен дац, бӀаьрг- негӀар тохар санна
54:50 -
وَلَقَدْ أَهْلَكْنَا أَشْيَاعَكُمْ فَهَلْ مِنْ مُدَّكِرٍ
Оха хӀаллакйира шух тера тобанаш вуй цхьа а дагалоцург?
54:51 -
وَكُلُّ شَيْءٍ فَعَلُوهُ فِي الزُّبُرِ
Массо а цара дина долу хӀума Зубурий чохь ду
54:52 -
وَكُلُّ صَغِيرٍ وَكَبِيرٍ مُسْتَطَرٌ
Массо а жиманиг‚ массо а доккханиг дӀаязделла ду
54:53 -
إِنَّ الْمُتَّقِينَ فِي جَنَّاتٍ وَنَهَرٍ
Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш бошмашна чохь а‚ хишкахь а хир бу,
54:54 -
فِي مَقْعَدِ صِدْقٍ عِنْدَ مَلِيكٍ مُقْتَدِرٍ
Бакъдерг долчахь‚ Ницкъ болчу Паччахьан (Делан) гергахь /хир бу уьш/
54:55
Гочдар: Магомед Магомедов