Сурат 55 Ар-рахьман (Сов къинхетаме верг)
-
يُعْرَفُ الْمُجْرِمُونَ بِسِيمَاهُمْ فَيُؤْخَذُ بِالنَّوَاصِي وَالْأَقْدَامِ
Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоьцур бу кIужалашца а‚ когашца а
55:41 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:42 -
هَٰذِهِ جَهَنَّمُ الَّتِي يُكَذِّبُ بِهَا الْمُجْرِمُونَ
ХIара ю и жоьжахати, къиношдиначара ша харцъеш хилла йолу
55:43 -
يَطُوفُونَ بَيْنَهَا وَبَيْنَ حَمِيمٍ آنٍ
Цара гонаш бохур бу цунна а, цIийдинчу хина а юккъехула
55:44 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:45 -
وَلِمَنْ خَافَ مَقَامَ رَبِّهِ جَنَّتَانِ
Шен Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттарах кхийринчунна /ялсаманин/ ши беш хир ю
55:46 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:47 -
ذَوَاتَا أَفْنَانٍ
Гаьннаш долуш /ю и ши ялсаманин беш/
55:48 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:49 -
فِيهِمَا عَيْنَانِ تَجْرِيَانِ
Цу чохь оьхуш ши шовда ду
55:50 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:51 -
فِيهِمَا مِنْ كُلِّ فَاكِهَةٍ زَوْجَانِ
Цу шина /ялсамани/ чохь хIор стоьмах ши тайпа бу
55:52 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккъа а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:53 -
مُتَّكِئِينَ عَلَىٰ فُرُشٍ بَطَائِنُهَا مِنْ إِسْتَبْرَقٍ ۚ وَجَنَى الْجَنَّتَيْنِ دَانٍ
Уьш (дика Iамалш йинарш) хир бу маьнганий тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу
55:54 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:55 -
فِيهِنَّ قَاصِرَاتُ الطَّرْفِ لَمْ يَطْمِثْهُنَّ إِنْسٌ قَبْلَهُمْ وَلَا جَانٌّ
Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу
55:56 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:57 -
كَأَنَّهُنَّ الْيَاقُوتُ وَالْمَرْجَانُ
Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш
55:58 -
فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ
ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?
55:59 -
هَلْ جَزَاءُ الْإِحْسَانِ إِلَّا الْإِحْسَانُ
Ткъа диканан бекхам дика а бен дуй?
55:60
Гочдар: Магомед Магомедов