Сурат 55 Ар-рахьман (Сов къинхетаме верг)

  1. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:61
  2. وَمِنْ دُونِهِمَا جَنَّتَانِ

    И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю

    55:62
  3. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:63
  4. مُدْهَامَّتَانِ

    ТаьIна баьццара босахь /ю и ши беш/

    55:64
  5. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:65
  6. فِيهِمَا عَيْنَانِ نَضَّاخَتَانِ

    Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир бу

    55:66
  7. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:67
  8. فِيهِمَا فَاكِهَةٌ وَنَخْلٌ وَرُمَّانٌ

    Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ гранат а хир ю

    55:68
  9. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:69
  10. فِيهِنَّ خَيْرَاتٌ حِسَانٌ

    Царна чохь дика‚ хаза мехкарий хир бу

    55:70
  11. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:71
  12. حُورٌ مَقْصُورَاتٌ فِي الْخِيَامِ

    Iаьржа бIаьргаш болуш‚ хьажар лоцу долу мехкарий хир бу четаршкахь

    55:72
  13. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:73
  14. لَمْ يَطْمِثْهُنَّ إِنْسٌ قَبْلَهُمْ وَلَا جَانٌّ

    Шайх царал хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу

    55:74
  15. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:75
  16. مُتَّكِئِينَ عَلَىٰ رَفْرَفٍ خُضْرٍ وَعَبْقَرِيٍّ حِسَانٍ

    Шаьш тIетевжина болуш баьццарчу гIайбаний‚ хазаллих буьззинчу кузашна а

    55:76
  17. فَبِأَيِّ آلَاءِ رَبِّكُمَا تُكَذِّبَانِ

    ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлха ниIмат харцдо аш шиммо?

    55:77
  18. تَبَارَكَ اسْمُ رَبِّكَ ذِي الْجَلَالِ وَالْإِكْرَامِ

    Беркате хилла хьан Кхиош-кхобучун цIе‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу

    55:78

Гочдар: Магомед Магомедов