Сурат 56 Аль-вакъиӀа (Халаза цадолург), аят 11 – 38
-
أُولَٰئِكَ الْمُقَرَّبُونَ
Уьш хир бу /Далла/ гергахь
56:11 -
فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
НиӀматийн бошмашкахь
56:12 -
ثُلَّةٌ مِنَ الْأَوَّلِينَ
Хьалхарчарах цхьа тоба‚
56:13 -
وَقَلِيلٌ مِنَ الْآخِرِينَ
ТӀаьхьарчарах цхьа кӀеззиг берш
56:14 -
عَلَىٰ سُرُرٍ مَوْضُونَةٍ
/Деших‚ жовхӀарех/ тегначу маьнганий тӀехь хир бу
56:15 -
مُتَّكِئِينَ عَلَيْهَا مُتَقَابِلِينَ
Царна тӀетевжина‚ вовшашна дуьхьалбирзина
56:16 -
يَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُخَلَّدُونَ
Царна /гӀуллакх деш/ тӀехьийзар бу гуттар къона кегирхой
56:17 -
بِأَكْوَابٍ وَأَبَارِيقَ وَكَأْسٍ مِنْ مَعِينٍ
Стаькнашца‚ кӀудалшца‚ /чагӀаран/ шовдан кадаца
56:18 -
لَا يُصَدَّعُونَ عَنْهَا وَلَا يُنْزِفُونَ
Кортош лезар дац церан цунах‚ бехар а бац уьш
56:19 -
وَفَاكِهَةٍ مِمَّا يَتَخَيَّرُونَ
Стоьмаш хир бу царна шаьш хаьржинчух‚
56:20 -
وَلَحْمِ طَيْرٍ مِمَّا يَشْتَهُونَ
Хьозан жижиг хир ду царна шайна дукхадезачух‚
56:21 -
وَحُورٌ عِينٌ
Ӏаьржа‚ бакхий (хаза) бӀаьргаш болу мехкарий а хир бу‚
56:22 -
كَأَمْثَالِ اللُّؤْلُؤِ الْمَكْنُونِ
Нуьцкъала Ӏалашдечу луълуъах тера болу
56:23 -
جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Цара деш хиллачун бекхаман дуьхьа ду иза
56:24 -
لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا وَلَا تَأْثِيمًا
Царна хозур дац цу чохь (ялсаманехь) даьсса хабарш а‚ къинош дина, бохуш, бехкаш а
56:25 -
إِلَّا قِيلًا سَلَامًا سَلَامًا
Деккъа 'Салам!' 'Салам!' олу дош бен
56:26 -
وَأَصْحَابُ الْيَمِينِ مَا أَصْحَابُ الْيَمِينِ
Аьтту куьйган дай муьлш бу и аьтту куьйган дай?
56:27 -
فِي سِدْرٍ مَخْضُودٍ
КӀохцалш доцчу лотос диттийн юккъехь хир бу /уьш/‚
56:28 -
وَطَلْحٍ مَنْضُودٍ
ТӀетта стоьмех дуьзначу тӀалхь диттий юккъехь /хир бу/‚
56:29 -
وَظِلٍّ مَمْدُودٍ
Дехха даьржинчу ӀиндагӀехь хир бу‚
56:30 -
وَمَاءٍ مَسْكُوبٍ
Гуттар оьхачу хина юккъехь хир бу‚
56:31 -
وَفَاكِهَةٍ كَثِيرَةٍ
Дуккха стоьмий юккъехь хир бу‚
56:32 -
لَا مَقْطُوعَةٍ وَلَا مَمْنُوعَةٍ
Шаьш царах хадор боцчу‚ духатухур боцчу‚
56:33 -
وَفُرُشٍ مَرْفُوعَةٍ
Хьалаайбинчу маьнганий тӀехь
56:34 -
إِنَّا أَنْشَأْنَاهُنَّ إِنْشَاءً
Баккъалла а, Оха кхиина уьш кхиорца‚
56:35 -
فَجَعَلْنَاهُنَّ أَبْكَارًا
Оха хилийти уьш йоӀ-цӀена
56:36 -
عُرُبًا أَتْرَابًا
Шайн марош дукхабезаш‚ царца цхьанахенара‚
56:37 -
لِأَصْحَابِ الْيَمِينِ
Аьттачу куьйган дайшна /хир бу уьш/‚
56:38
Гочдар: Магомед Магомедов