Сурат 56 Аль-вакъиIа (Халаза цадолург)
-
إِذَا وَقَعَتِ الْوَاقِعَةُ
Ша хилаза ца долург хилча‚
56:1 -
لَيْسَ لِوَقْعَتِهَا كَاذِبَةٌ
И хилар харцдеш цхьа а /са/ ма дац
56:2 -
خَافِضَةٌ رَافِعَةٌ
/Дукханаш/ цо охьатаIор бу‚ /дукханаш/ хьалабохур ма бу
56:3 -
إِذَا رُجَّتِ الْأَرْضُ رَجًّا
Латта ластийча, ласторца‚
56:4 -
وَبُسَّتِ الْجِبَالُ بَسًّا
Лаьмнаш даржича, даржорца‚
56:5 -
فَكَانَتْ هَبَاءً مُنْبَثًّا
/Царах/ хилча дIасхьаяьржина чан
56:6 -
وَكُنْتُمْ أَزْوَاجًا ثَلَاثَةً
Шу а хилча кхаа декъе декъаделла:
56:7 -
فَأَصْحَابُ الْمَيْمَنَةِ مَا أَصْحَابُ الْمَيْمَنَةِ
Аьтту куьйган дай муьлш бу и аьтту куьйган дай?
56:8 -
وَأَصْحَابُ الْمَشْأَمَةِ مَا أَصْحَابُ الْمَشْأَمَةِ
Аьрру куьйган дай муьлш бу и аьрру куьйган дай?
56:9 -
وَالسَّابِقُونَ السَّابِقُونَ
/Ийманца дуьненахь/ хьалхабевлла хилларш хир бу /ял шайна яларца къематдийнахь/ хьалхабевлла берш
56:10 -
أُولَٰئِكَ الْمُقَرَّبُونَ
Уьш хир бу /Далла/ гергахь
56:11 -
فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
НиIматийн бошмашкахь
56:12 -
ثُلَّةٌ مِنَ الْأَوَّلِينَ
Хьалхарчарах цхьа тоба‚
56:13 -
وَقَلِيلٌ مِنَ الْآخِرِينَ
ТIаьхьарчарах цхьа кIеззиг берш
56:14 -
عَلَىٰ سُرُرٍ مَوْضُونَةٍ
/Деших‚ жовхIарех/ тегначу маьнганий тIехь хир бу
56:15 -
مُتَّكِئِينَ عَلَيْهَا مُتَقَابِلِينَ
Царна тIетевжина‚ вовшашна дуьхьалбирзина
56:16 -
يَطُوفُ عَلَيْهِمْ وِلْدَانٌ مُخَلَّدُونَ
Царна /гIуллакх деш/ тIехьийзар бу гуттар къона кегирхой
56:17 -
بِأَكْوَابٍ وَأَبَارِيقَ وَكَأْسٍ مِنْ مَعِينٍ
Стаькнашца‚ кIудалшца‚ /чагIаран/ шовдан кадаца
56:18 -
لَا يُصَدَّعُونَ عَنْهَا وَلَا يُنْزِفُونَ
Кортош лезар дац церан цунах‚ бехар а бац уьш
56:19 -
وَفَاكِهَةٍ مِمَّا يَتَخَيَّرُونَ
Стоьмаш хир бу царна шаьш хаьржинчух‚
56:20
Гочдар: Магомед Магомедов