Сурат 56 Аль-вакъиӀа (Халаза цадолург), аят 21 – 29
-
وَلَحْمِ طَيْرٍ مِمَّا يَشْتَهُونَ
Хьозан жижиг хир ду царна шайна дукхадезачух‚
56:21 -
وَحُورٌ عِينٌ
Ӏаьржа‚ бакхий (хаза) бӀаьргаш болу мехкарий а хир бу‚
56:22 -
كَأَمْثَالِ اللُّؤْلُؤِ الْمَكْنُونِ
Нуьцкъала Ӏалашдечу луълуъах тера болу
56:23 -
جَزَاءً بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Цара деш хиллачун бекхаман дуьхьа ду иза
56:24 -
لَا يَسْمَعُونَ فِيهَا لَغْوًا وَلَا تَأْثِيمًا
Царна хозур дац цу чохь (ялсаманехь) даьсса хабарш а‚ къинош дина, бохуш, бехкаш а
56:25 -
إِلَّا قِيلًا سَلَامًا سَلَامًا
Деккъа 'Салам!' 'Салам!' олу дош бен
56:26 -
وَأَصْحَابُ الْيَمِينِ مَا أَصْحَابُ الْيَمِينِ
Аьтту куьйган дай муьлш бу и аьтту куьйган дай?
56:27 -
فِي سِدْرٍ مَخْضُودٍ
КӀохцалш доцчу лотос диттийн юккъехь хир бу /уьш/‚
56:28 -
وَطَلْحٍ مَنْضُودٍ
ТӀетта стоьмех дуьзначу тӀалхь диттий юккъехь /хир бу/‚
56:29
Гочдар: Магомед Магомедов