Сурат 56 Аль-вакъиӀа (Халаза цадолург), аят 42 – 55

  1. فِي سَمُومٍ وَحَمِيمٍ

    Уьш хир бу цӀе еттачу махехь‚ цӀийдинчу хичахь‚

    56:42
  2. وَظِلٍّ مِنْ يَحْمُومٍ

    Сов Ӏаьржачу дохкан ӀиндагӀехь‚

    56:43
  3. لَا بَارِدٍ وَلَا كَرِيمٍ

    Ша шила доцчу‚ ша /дегӀана/ там беш доцчу

    56:44
  4. إِنَّهُمْ كَانُوا قَبْلَ ذَٰلِكَ مُتْرَفِينَ

    Баккъалла а, уьш ма бара оцул хьалха /дуьненахь/ зовкх хьоьгуш

    56:45
  5. وَكَانُوا يُصِرُّونَ عَلَى الْحِنْثِ الْعَظِيمِ

    Уьш бара къар ца луш доккха къа деш

    56:46
  6. وَكَانُوا يَقُولُونَ أَئِذَا مِتْنَا وَكُنَّا تُرَابًا وَعِظَامًا أَإِنَّا لَمَبْعُوثُونَ

    Уьш бара олуш: “Тхо делча‚ тхох топпар (поппар) а‚ тхкаш (даьӀахкаш) а хилча, тхо юха дендийр ду?

    56:47
  7. أَوَآبَاؤُنَا الْأَوَّلُونَ

    Я тхан хьалхалера дай /денбийр бу/?”

    56:48
  8. قُلْ إِنَّ الْأَوَّلِينَ وَالْآخِرِينَ

    Ахь āла: “Баккъалла а, хьалхалераш а‚ тӀаьхьарнаш а,

    56:49
  9. لَمَجْمُوعُونَ إِلَىٰ مِيقَاتِ يَوْمٍ مَعْلُومٍ

    Гулбийр ма бу билгалчу /къемат/ дийнан тоьхначу ханна

    56:50
  10. ثُمَّ إِنَّكُمْ أَيُّهَا الضَّالُّونَ الْمُكَذِّبُونَ

    ТӀаккха баккъалла а, аш‚ хӀай тиладелларш‚/бакъдерг/ харцдийнарш‚

    56:51
  11. لَآكِلُونَ مِنْ شَجَرٍ مِنْ زَقُّومٍ

    Дуур ма ду заккъум диттах /стоьмаш/‚

    56:52
  12. فَمَالِئُونَ مِنْهَا الْبُطُونَ

    Юзор ма цунах /шайн/ гайш‚

    56:53
  13. فَشَارِبُونَ عَلَيْهِ مِنَ الْحَمِيمِ

    Цунна тӀе /аш/ молур ма ду цӀийдинчу хих‚

    56:54
  14. فَشَارِبُونَ شُرْبَ الْهِيمِ

    /Аш/ молур ма ду хьогъеллачу эмкалан малар.”

    56:55

Гочдар: Магомед Магомедов