Сурат 56 Аль-вакъиӀа (Халаза цадолург), аят 75 – 96
-
فَلَا أُقْسِمُ بِمَوَاقِعِ النُّجُومِ
ТӀаккха Ас дуй боу седарчий дӀадузучу меттигах
56:75 -
وَإِنَّهُ لَقَسَمٌ لَوْ تَعْلَمُونَ عَظِيمٌ
Баккъалла а, и дуй‚ шуна хаахьара‚ беза-боккха ма бу!
56:76 -
إِنَّهُ لَقُرْآنٌ كَرِيمٌ
Баккъалла а, иза сийлахь Къуръан ма ду
56:77 -
فِي كِتَابٍ مَكْنُونٍ
Ӏалашдинчу жайна чохь
56:78 -
لَا يَمَسُّهُ إِلَّا الْمُطَهَّرُونَ
Цунах хьакха ца ло цӀена берш бен
56:79 -
تَنْزِيلٌ مِنْ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Охьадоьссина ду иза Ӏаламийн Дегара
56:80 -
أَفَبِهَٰذَا الْحَدِيثِ أَنْتُمْ مُدْهِنُونَ
И хабар а ца лоруш ду шу?
56:81 -
وَتَجْعَلُونَ رِزْقَكُمْ أَنَّكُمْ تُكَذِّبُونَ
Шайна рицкъ даларна /Далла шукур дар/ шаьш /цуьнан/ ниат (дин) харцдар хуьлуьйту аш?
56:82 -
فَلَوْلَا إِذَا بَلَغَتِ الْحُلْقُومَ
И (са арадолуш) къанкъаркъе кхаьчча‚
56:83 -
وَأَنْتُمْ حِينَئِذٍ تَنْظُرُونَ
Цу хенахь шу хьоьжуш долуш, /шуна и юха чудерзо могур ма дацара/,
56:84 -
وَنَحْنُ أَقْرَبُ إِلَيْهِ مِنْكُمْ وَلَٰكِنْ لَا تُبْصِرُونَ
Тхо вуно гергахь ду цунна шул‚ делахь а, шуна ца го
56:85 -
فَلَوْلَا إِنْ كُنْتُمْ غَيْرَ مَدِينِينَ
Шу ца хиллехьара /къематдийнахь/ шайгара бекхам оьцуш‚
56:86 -
تَرْجِعُونَهَا إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ
Аш духадерзор дара и /са/, шаьш бакъ луьйш хиллехь?
56:87 -
فَأَمَّا إِنْ كَانَ مِنَ الْمُقَرَّبِينَ
Амма иза хиллехь /Далла/ гергарчарах‚
56:88 -
فَرَوْحٌ وَرَيْحَانٌ وَجَنَّتُ نَعِيمٍ
/ТӀаккха цунна/ ду садаӀар‚ дог паргтдалар а‚ ниӀматийн бошмаш а
56:89 -
وَأَمَّا إِنْ كَانَ مِنْ أَصْحَابِ الْيَمِينِ
Амма иза хиллехь аьтту куьйган дех
56:90 -
فَسَلَامٌ لَكَ مِنْ أَصْحَابِ الْيَمِينِ
ТӀаккха салам ду хьуна аьтту куьйган дайшкара
56:91 -
وَأَمَّا إِنْ كَانَ مِنَ الْمُكَذِّبِينَ الضَّالِّينَ
Амма иза хиллехь /дин/ харцдиначарах‚ тилабеллачарах
56:92 -
فَنُزُلٌ مِنْ حَمِيمٍ
Цунна ду хьошалгӀа тӀелацар цӀийделлачу хих‚
56:93 -
وَتَصْلِيَةُ جَحِيمٍ
Жоьжатехь вагар а
56:94 -
إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ حَقُّ الْيَقِينِ
Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!
56:95 -
فَسَبِّحْ بِاسْمِ رَبِّكَ الْعَظِيمِ
Ахь хастае хьан сийлахь-воккхачу Кхиош-кхобучун цӀе (И массо а вочу хманах цнвеш)!
56:96
Гочдар: Магомед Магомедов