Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 20 – 25

  1. اعْلَمُوا أَنَّمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا لَعِبٌ وَلَهْوٌ وَزِينَةٌ وَتَفَاخُرٌ بَيْنَكُمْ وَتَكَاثُرٌ فِي الْأَمْوَالِ وَالْأَوْلَادِ ۖ كَمَثَلِ غَيْثٍ أَعْجَبَ الْكُفَّارَ نَبَاتُهُ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَكُونُ حُطَامًا ۖ وَفِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ شَدِيدٌ وَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانٌ ۚ وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا مَتَاعُ الْغُرُورِ

    Шуна хаалаш: дуьненан дахар ловзар а‚ эрна хан яйар а ду‚ хазахеташ шайга хьежар ду‚ вовшашна юккъехь кураллаш яр а ду‚ хьолехь а‚ доьзалехь а вовший юккъехь совбийлар а ду. ДогӀех тера ду /иза/: и деача /лаьттах/ схьайолучу хӀуманаша цецбоху керстанаш. ТӀаккха уьш якъало‚ хьуна го уьш можаелла‚ тӀаккха хуьлу уьш кагъелла. Эхартахь нуьцкъала Ӏазап ду /керстанашна/‚ Делера гечдар а‚ реза хилар а ду /муъмин нахана/. Ма дац и дуьненан дахар /цхьа / Ӏехаваларан хӀума бен

    57:20
  2. سَابِقُوا إِلَىٰ مَغْفِرَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا كَعَرْضِ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ أُعِدَّتْ لِلَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ ۚ ذَٰلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ

    Сихло шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане‚ шен шоралла стиглан а‚ лаьттан шораллах тера йолчу‚ ша кечйина йолчу Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешаш хиллачарна. И Делан дозалла ду-кх‚ Цо ло и Шена луучунна. И Дела Шегахь сов доккха дозалла долуш ву-кх

    57:21
  3. مَا أَصَابَ مِنْ مُصِيبَةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي أَنْفُسِكُمْ إِلَّا فِي كِتَابٍ مِنْ قَبْلِ أَنْ نَبْرَأَهَا ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахь а‚ шуьгахь шайгахь а /цамгар хиларца/ иза Оха хилийтале хьалха /Лавхь махьфуз/ жайна чохь язбелла болуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ду

    57:22
  4. لِكَيْلَا تَأْسَوْا عَلَىٰ مَا فَاتَكُمْ وَلَا تَفْرَحُوا بِمَا آتَاكُمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍ فَخُورٍ

    /Иза ду/ шу гӀайгӀане ца хилийтархьама шух дӀатилинчух‚ шу даккхий ца дедийтархьама Цо шуна деллачуьнца. Далла ца веза-кх массо а кура верг а‚ ша /наха/ хеставан лууш верг а‚

    57:23
  5. الَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبُخْلِ ۗ وَمَنْ يَتَوَلَّ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ

    Ша бӀаьрмециг волуш‚ нахана а бӀаьрмециг хила бохуш омра деш волу. Милла а дӀаверзахь /Делан некъах/ баккъалла а, и Дела Ша хьал долуш а ву‚ хастаме а ву

    57:24
  6. لَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلَنَا بِالْبَيِّنَاتِ وَأَنْزَلْنَا مَعَهُمُ الْكِتَابَ وَالْمِيزَانَ لِيَقُومَ النَّاسُ بِالْقِسْطِ ۖ وَأَنْزَلْنَا الْحَدِيدَ فِيهِ بَأْسٌ شَدِيدٌ وَمَنَافِعُ لِلنَّاسِ وَلِيَعْلَمَ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ وَرُسُلَهُ بِالْغَيْبِ ۚ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ عَزِيزٌ

    Оха бахийтира Тхан элчанаш билгалонашца‚ доссира цаьрца жайна а‚ терза а нах латтархьама нийсона тӀехь. Оха доссира эчиг‚ шена чохь чӀогӀа ницкъ болуш‚ нахана пайданаш болуш‚ Далла хаархьама‚ мила ву Шена а‚ Шен элчанашна а гӀо лоцуш верг, /и Дела/ шена гуш воццушехь. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву

    57:25

Гочдар: Магомед Магомедов