Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг), аят 20
-
اعْلَمُوا أَنَّمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا لَعِبٌ وَلَهْوٌ وَزِينَةٌ وَتَفَاخُرٌ بَيْنَكُمْ وَتَكَاثُرٌ فِي الْأَمْوَالِ وَالْأَوْلَادِ ۖ كَمَثَلِ غَيْثٍ أَعْجَبَ الْكُفَّارَ نَبَاتُهُ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَكُونُ حُطَامًا ۖ وَفِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ شَدِيدٌ وَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانٌ ۚ وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا مَتَاعُ الْغُرُورِ
Шуна хаалаш: дуьненан дахар ловзар а‚ эрна хан яйар а ду‚ хазахеташ шайга хьежар ду‚ вовшашна юккъехь кураллаш яр а ду‚ хьолехь а‚ доьзалехь а вовший юккъехь совбийлар а ду. ДогIех тера ду /иза/: и деача /лаьттах/ схьайолучу хIуманаша цецбоху керстанаш. ТIаккха уьш якъало‚ хьуна го уьш можаелла‚ тIаккха хуьлу уьш кагъелла. Эхартахь нуьцкъала Iазап ду /керстанашна/‚ Делера гечдар а‚ реза хилар а ду /муъмин нахана/. Ма дац и дуьненан дахар /цхьа / Iехаваларан хIума бен
57:20
Гочдар: Магомед Магомедов