Сурат 57 Аль-хьадид (Эчиг)
-
سَابِقُوا إِلَىٰ مَغْفِرَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا كَعَرْضِ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ أُعِدَّتْ لِلَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ ۚ ذَٰلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
Сихло шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане‚ шен шоралла стиглан а‚ лаьттан шораллах тера йолчу‚ ша кечйина йолчу Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешаш хиллачарна. И Делан дозалла ду-кх‚ Цо ло и Шена луучунна. И Дела Шегахь сов доккха дозалла долуш ву-кх
57:21 -
مَا أَصَابَ مِنْ مُصِيبَةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي أَنْفُسِكُمْ إِلَّا فِي كِتَابٍ مِنْ قَبْلِ أَنْ نَبْرَأَهَا ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ
Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахь а‚ шуьгахь шайгахь а /цамгар хиларца/ иза Оха хилийтале хьалха /Лавхь махьфуз/ жайна чохь язбелла болуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ду
57:22 -
لِكَيْلَا تَأْسَوْا عَلَىٰ مَا فَاتَكُمْ وَلَا تَفْرَحُوا بِمَا آتَاكُمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍ فَخُورٍ
/Иза ду/ шу гIайгIане ца хилийтархьама шух дIатилинчух‚ шу даккхий ца дедийтархьама Цо шуна деллачуьнца. Далла ца веза-кх массо а кура верг а‚ ша /наха/ хеставан лууш верг а‚
57:23 -
الَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبُخْلِ ۗ وَمَنْ يَتَوَلَّ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ
Ша бIаьрмециг волуш‚ нахана а бIаьрмециг хила бохуш омра деш волу. Милла а дIаверзахь /Делан некъах/ баккъалла а, и Дела Ша хьал долуш а ву‚ хастаме а ву
57:24 -
لَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلَنَا بِالْبَيِّنَاتِ وَأَنْزَلْنَا مَعَهُمُ الْكِتَابَ وَالْمِيزَانَ لِيَقُومَ النَّاسُ بِالْقِسْطِ ۖ وَأَنْزَلْنَا الْحَدِيدَ فِيهِ بَأْسٌ شَدِيدٌ وَمَنَافِعُ لِلنَّاسِ وَلِيَعْلَمَ اللَّهُ مَنْ يَنْصُرُهُ وَرُسُلَهُ بِالْغَيْبِ ۚ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ عَزِيزٌ
Оха бахийтира Тхан элчанаш билгалонашца‚ доссира цаьрца жайна а‚ терза а нах латтархьама нийсона тIехь. Оха доссира эчиг‚ шена чохь чIогIа ницкъ болуш‚ нахана пайданаш болуш‚ Далла хаархьама‚ мила ву Шена а‚ Шен элчанашна а гIо лоцуш верг, /и Дела/ шена гуш воццушехь. Баккъалла а, и Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву
57:25 -
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا نُوحًا وَإِبْرَاهِيمَ وَجَعَلْنَا فِي ذُرِّيَّتِهِمَا النُّبُوَّةَ وَالْكِتَابَ ۖ فَمِنْهُمْ مُهْتَدٍ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ
Оха вахийтира Нухь а‚ ИбрахIим а‚ Оха хилийтира церан зуьрретехь пайхамаралла а‚ жайна а. Царах нисвелларг а ву‚ царах дукхаберш песакъ бу-кх
57:26 -
ثُمَّ قَفَّيْنَا عَلَىٰ آثَارِهِمْ بِرُسُلِنَا وَقَفَّيْنَا بِعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ وَآتَيْنَاهُ الْإِنْجِيلَ وَجَعَلْنَا فِي قُلُوبِ الَّذِينَ اتَّبَعُوهُ رَأْفَةً وَرَحْمَةً وَرَهْبَانِيَّةً ابْتَدَعُوهَا مَا كَتَبْنَاهَا عَلَيْهِمْ إِلَّا ابْتِغَاءَ رِضْوَانِ اللَّهِ فَمَا رَعَوْهَا حَقَّ رِعَايَتِهَا ۖ فَآتَيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا مِنْهُمْ أَجْرَهُمْ ۖ وَكَثِيرٌ مِنْهُمْ فَاسِقُونَ
ТIаккха церан лорах Оха бахийтира Тхан элчанаш. /Церан лорах/ Оха вахийтира Марьяман кIант Iийса‚ цуьнга делира Оха Инжил‚ цуьнан тIаьхьахIиттинчеран дегнашкахь хилийтира Оха дог-кIедалла а‚ къинхетам а. Дуьненан марзонах дхадар иза цара шаьш кхоьллина ду‚ Оха и лелор царна тIе ца диллина‚ Дела реза хилар лахар а бен‚ иза а тергал ца дина цара тергал дан ма дезза. Царах ийман диллинчарна шайн ял ели Оха. Царах дукхаберш песакъ бу-кх
57:27 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَآمِنُوا بِرَسُولِهِ يُؤْتِكُمْ كِفْلَيْنِ مِنْ رَحْمَتِهِ وَيَجْعَلْ لَكُمْ نُورًا تَمْشُونَ بِهِ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ Цуьнан элчанах тешалаш Цо Шен къинхетамах ши дакъа лур ду шуна‚ Цо хуьлуьйтур ду шуна нур‚ цуьнца шу лелаш‚ Цо шуна гечдийр ду. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
57:28 -
لِئَلَّا يَعْلَمَ أَهْلُ الْكِتَابِ أَلَّا يَقْدِرُونَ عَلَىٰ شَيْءٍ مِنْ فَضْلِ اللَّهِ ۙ وَأَنَّ الْفَضْلَ بِيَدِ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
/И хоуьйту Ас шуна / жайнан охIлана хаархьама Делан къинхетамах цхьанна а хIуманна тIехь шайна ницкъ кхочур боцийла‚ къинхетам Делан карахь буйла: Цо ло иза Шена луучунна. И Дела Шегахь беза-боккха къинхетам болуш ву-кх
57:29
Гочдар: Магомед Магомедов