Мусхаф., агӏо 540
-
وَالَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ أُولَٰئِكَ هُمُ الصِّدِّيقُونَ ۖ وَالشُّهَدَاءُ عِنْدَ رَبِّهِمْ لَهُمْ أَجْرُهُمْ وَنُورُهُمْ ۖ وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешнарш уьш бу бакъберш а‚ шайн Далла гергахь шахIидаш а. Царна шайн ял а ю‚ нур а ду. Ткъа цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а уьш бу жоьжахатин дай
57:19 -
اعْلَمُوا أَنَّمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا لَعِبٌ وَلَهْوٌ وَزِينَةٌ وَتَفَاخُرٌ بَيْنَكُمْ وَتَكَاثُرٌ فِي الْأَمْوَالِ وَالْأَوْلَادِ ۖ كَمَثَلِ غَيْثٍ أَعْجَبَ الْكُفَّارَ نَبَاتُهُ ثُمَّ يَهِيجُ فَتَرَاهُ مُصْفَرًّا ثُمَّ يَكُونُ حُطَامًا ۖ وَفِي الْآخِرَةِ عَذَابٌ شَدِيدٌ وَمَغْفِرَةٌ مِنَ اللَّهِ وَرِضْوَانٌ ۚ وَمَا الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا مَتَاعُ الْغُرُورِ
Шуна хаалаш: дуьненан дахар ловзар а‚ эрна хан яйар а ду‚ хазахеташ шайга хьежар ду‚ вовшашна юккъехь кураллаш яр а ду‚ хьолехь а‚ доьзалехь а вовший юккъехь совбийлар а ду. ДогIех тера ду /иза/: и деача /лаьттах/ схьайолучу хIуманаша цецбоху керстанаш. ТIаккха уьш якъало‚ хьуна го уьш можаелла‚ тIаккха хуьлу уьш кагъелла. Эхартахь нуьцкъала Iазап ду /керстанашна/‚ Делера гечдар а‚ реза хилар а ду /муъмин нахана/. Ма дац и дуьненан дахар /цхьа / Iехаваларан хIума бен
57:20 -
سَابِقُوا إِلَىٰ مَغْفِرَةٍ مِنْ رَبِّكُمْ وَجَنَّةٍ عَرْضُهَا كَعَرْضِ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ أُعِدَّتْ لِلَّذِينَ آمَنُوا بِاللَّهِ وَرُسُلِهِ ۚ ذَٰلِكَ فَضْلُ اللَّهِ يُؤْتِيهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ ذُو الْفَضْلِ الْعَظِيمِ
Сихло шайн Кхиош-кхобучуьнгара гечдаре а‚ ялсамане‚ шен шоралла стиглан а‚ лаьттан шораллах тера йолчу‚ ша кечйина йолчу Делах а‚ Цуьнан элчанех а тешаш хиллачарна. И Делан дозалла ду-кх‚ Цо ло и Шена луучунна. И Дела Шегахь сов доккха дозалла долуш ву-кх
57:21 -
مَا أَصَابَ مِنْ مُصِيبَةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي أَنْفُسِكُمْ إِلَّا فِي كِتَابٍ مِنْ قَبْلِ أَنْ نَبْرَأَهَا ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ
Цхьа а бохам хир ма бац лаьттахь а‚ шуьгахь шайгахь а /цамгар хиларца/ иза Оха хилийтале хьалха /Лавхь махьфуз/ жайна чохь язбелла болуш бен. Баккъалла а, иза Далла атта ду
57:22 -
لِكَيْلَا تَأْسَوْا عَلَىٰ مَا فَاتَكُمْ وَلَا تَفْرَحُوا بِمَا آتَاكُمْ ۗ وَاللَّهُ لَا يُحِبُّ كُلَّ مُخْتَالٍ فَخُورٍ
/Иза ду/ шу гIайгIане ца хилийтархьама шух дIатилинчух‚ шу даккхий ца дедийтархьама Цо шуна деллачуьнца. Далла ца веза-кх массо а кура верг а‚ ша /наха/ хеставан лууш верг а‚
57:23 -
الَّذِينَ يَبْخَلُونَ وَيَأْمُرُونَ النَّاسَ بِالْبُخْلِ ۗ وَمَنْ يَتَوَلَّ فَإِنَّ اللَّهَ هُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ
Ша бIаьрмециг волуш‚ нахана а бIаьрмециг хила бохуш омра деш волу. Милла а дIаверзахь /Делан некъах/ баккъалла а, и Дела Ша хьал долуш а ву‚ хастаме а ву
57:24
Гочдар: Магомед Магомедов