Сурат 58 Аль-муджадила (Юх-юха а дуьйцуш ерг), аят 7 – 13

  1. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۖ مَا يَكُونُ مِنْ نَجْوَىٰ ثَلَاثَةٍ إِلَّا هُوَ رَابِعُهُمْ وَلَا خَمْسَةٍ إِلَّا هُوَ سَادِسُهُمْ وَلَا أَدْنَىٰ مِنْ ذَٰلِكَ وَلَا أَكْثَرَ إِلَّا هُوَ مَعَهُمْ أَيْنَ مَا كَانُوا ۖ ثُمَّ يُنَبِّئُهُمْ بِمَا عَمِلُوا يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ

    Хьуна ца го: и Дела хууш ма ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Кханнан къайлахь хабар хир ма дац воьалгӀаниг Иза волуш бен‚ пхеннан а йолхалгӀаниг Иза волуш бен. Цул /кӀеззиг/ дерг а‚ цул дукха дерг а хир ма дац Иза цаьрца волуш бен, уьш миччахьа а хилчи. ТӀаккха Цо цаьрга дуьйцур ду цара дина хилларг къематдийнахь. Баккъалла а, Дела массо а хӀума хууш верг ма ву

    58:7
  2. أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ نُهُوا عَنِ النَّجْوَىٰ ثُمَّ يَعُودُونَ لِمَا نُهُوا عَنْهُ وَيَتَنَاجَوْنَ بِالْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَمَعْصِيَتِ الرَّسُولِ وَإِذَا جَاءُوكَ حَيَّوْكَ بِمَا لَمْ يُحَيِّكَ بِهِ اللَّهُ وَيَقُولُونَ فِي أَنْفُسِهِمْ لَوْلَا يُعَذِّبُنَا اللَّهُ بِمَا نَقُولُ ۚ حَسْبُهُمْ جَهَنَّمُ يَصْلَوْنَهَا ۖ فَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Хьуна ца го и къайлаха хабар дийцар шайна ца магийна хилларш? ТӀаккха юха а тӀебоьрзуш шайна ца магийна хиллачунна‚ вовшашка къайлаха хабарш дуьйцуш къа дарций‚ мостагӀаллиций‚ элчанна Ӏесалла ярций. Хьо волчу шаьш баьхкича, хьоьга салам ло цара Дала хьоьга салам ца лучу кепара. Шайга олу цара: 'ХӀунда Ӏазап ца до вайна Дала вай бохучуьнца?' Кхачо ю царна жоьжахати бōгур бу уьш цу чохь. Ма вōн дӀавоьрзу меттиг ю-кх иза!

    58:8
  3. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا تَنَاجَيْتُمْ فَلَا تَتَنَاجَوْا بِالْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ وَمَعْصِيَتِ الرَّسُولِ وَتَنَاجَوْا بِالْبِرِّ وَالتَّقْوَىٰ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ

    ХӀай ийман диллнарш! Шаьш къайлаха хабар дийцахь‚ ма дийца иза къаций‚ мостагӀаллиций‚ элчанна Ӏесалла ярций. Аш дийца къайлаха хабар диканций‚ /Делах/ кхерарций. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тӀе дӀагулдийр долчу

    58:9
  4. إِنَّمَا النَّجْوَىٰ مِنَ الشَّيْطَانِ لِيَحْزُنَ الَّذِينَ آمَنُوا وَلَيْسَ بِضَارِّهِمْ شَيْئًا إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۚ وَعَلَى اللَّهِ فَلْيَتَوَكَّلِ الْمُؤْمِنُونَ

    Баккъалла а, къайлаха хабар дийцар шайтӀанера ду ийман диллнарш пошме хилийтархьама. Царна цуьрриг зен дийр дац цо Делан пурбанций бен. Далла тӀе тевжийла муъмин нах!

    58:10
  5. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا قِيلَ لَكُمْ تَفَسَّحُوا فِي الْمَجَالِسِ فَافْسَحُوا يَفْسَحِ اللَّهُ لَكُمْ ۖ وَإِذَا قِيلَ انْشُزُوا فَانْشُزُوا يَرْفَعِ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَالَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ دَرَجَاتٍ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шайга аьлча: 'Меттиг хилийта /дӀасахилий/ мажлисехь‚ меттиг хилийта. Дала шорто йийр ю шуна. 'ХьалагӀовта!' аьлча, хьалагӀовта. Дала лакхабоху шух ийман диллинарш а‚ шайна Ӏилма делларш а даржаца. И Дела аш дийриг сов дика хууш ма ву

    58:11
  6. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نَاجَيْتُمُ الرَّسُولَ فَقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيْ نَجْوَاكُمْ صَدَقَةً ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ لَكُمْ وَأَطْهَرُ ۚ فَإِنْ لَمْ تَجِدُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Аш къайлаха хабар дийцинехь элчанна хьалхахь, цу шайн къайлаха хабарна хьалхадаккхалаш сагӀа. Иза шуна дика а ду‚ вунō цӀена а ду. И /сагӀа/ шуна ца карадахь тӀаккха баккъалла а, и Дела гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву

    58:12
  7. أَأَشْفَقْتُمْ أَنْ تُقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيْ نَجْوَاكُمْ صَدَقَاتٍ ۚ فَإِذْ لَمْ تَفْعَلُوا وَتَابَ اللَّهُ عَلَيْكُمْ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Шу кхийрира шайн къайлаха хабарал хьалха сагӀа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/. ТӀаккха аш иза ца дахь‚ Дала шуна гечдина (шуна тӀера дӀадаьккхи и омра) ламаз хӀоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь хила. (Цуьнца кхачо хир ю пайхамарна хьалхахь къайлаха хабар дийцале хьалха сагӀа даккхарх). И Дела дика хууш верг ву аш дийриг

    58:13

Гочдар: Магомед Магомедов