Сурат 58 Аль-муджадила (Юх-юха а дуьйцуш ерг), аят 13

  1. أَأَشْفَقْتُمْ أَنْ تُقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيْ نَجْوَاكُمْ صَدَقَاتٍ ۚ فَإِذْ لَمْ تَفْعَلُوا وَتَابَ اللَّهُ عَلَيْكُمْ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Шу кхийрира шайн къайлаха хабарал хьалха сагIа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/. ТIаккха аш иза ца дахь‚ Дала шуна гечдина (шуна тIера дIадаьккхи и омра) ламаз хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. (Цуьнца кхачо хир ю пайхамарна хьалхахь къайлаха хабар дийцале хьалха сагIа даккхарх). И Дела дика хууш верг ву аш дийриг

    58:13

Гочдар: Магомед Магомедов