Сурат 58 Аль-муджадила (Юх-юха а дуьйцуш ерг)

  1. كَتَبَ اللَّهُ لَأَغْلِبَنَّ أَنَا وَرُسُلِي ۚ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ عَزِيزٌ

    ДIаяздина Дала: 'Тоьлур ву Со а‚ Сан элчанаш а'. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву

    58:21
  2. لَا تَجِدُ قَوْمًا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ يُوَادُّونَ مَنْ حَادَّ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَلَوْ كَانُوا آبَاءَهُمْ أَوْ أَبْنَاءَهُمْ أَوْ إِخْوَانَهُمْ أَوْ عَشِيرَتَهُمْ ۚ أُولَٰئِكَ كَتَبَ فِي قُلُوبِهِمُ الْإِيمَانَ وَأَيَّدَهُمْ بِرُوحٍ مِنْهُ ۖ وَيُدْخِلُهُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ رَضِيَ اللَّهُ عَنْهُمْ وَرَضُوا عَنْهُ ۚ أُولَٰئِكَ حِزْبُ اللَّهِ ۚ أَلَا إِنَّ حِزْبَ اللَّهِ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Хьуна карор бац Делах а‚ тIаьхьарчу дийнах а тешаш болу нах шайна дукхабезаш Далла а‚ Цуьнан элчанна а дуьхьалбуьйлуш берш‚ уьш церан дай хиллехь а‚ я кIентий хиллехь‚ я вежарий хиллехь‚ я церан гергара хиллехь. Уьш бу Цо шайн дегнашкахь ийман яздинарш‚ Цо чIагIбинарш Шегара сица. Цо бухкур бу уьш бошмашка‚ шайн бухахула хиш лелаш долчу‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ. Дела реза хили царна‚ уьш реза хили Цунна. Уьш бу Делан тōба. Ткъа, баккъалла а, Делан тōба и яц яккхийедар ерг?! / Ю, Деллара!/

    58:22

Гочдар: Магомед Магомедов