Мусхаф., агӏо 544
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نَاجَيْتُمُ الرَّسُولَ فَقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيْ نَجْوَاكُمْ صَدَقَةً ۚ ذَٰلِكَ خَيْرٌ لَكُمْ وَأَطْهَرُ ۚ فَإِنْ لَمْ تَجِدُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Аш къайлаха хабар дийцинехь элчанна хьалхахь, цу шайн къайлаха хабарна хьалхадаккхалаш сагIа. Иза шуна дика а ду‚ вунō цIена а ду. И /сагIа/ шуна ца карадахь тIаккха баккъалла а, и Дела гечдеш верг а ву, къинхетаме верг а ву
58:12 -
أَأَشْفَقْتُمْ أَنْ تُقَدِّمُوا بَيْنَ يَدَيْ نَجْوَاكُمْ صَدَقَاتٍ ۚ فَإِذْ لَمْ تَفْعَلُوا وَتَابَ اللَّهُ عَلَيْكُمْ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَطِيعُوا اللَّهَ وَرَسُولَهُ ۚ وَاللَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
Шу кхийрира шайн къайлаха хабарал хьалха сагIа даккха? /Шуьгахь и доцу дела/. ТIаккха аш иза ца дахь‚ Дала шуна гечдина (шуна тIера дIадаьккхи и омра) ламаз хIоттаде‚ закат а ло‚ Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь хила. (Цуьнца кхачо хир ю пайхамарна хьалхахь къайлаха хабар дийцале хьалха сагIа даккхарх). И Дела дика хууш верг ву аш дийриг
58:13 -
أَلَمْ تَرَ إِلَى الَّذِينَ تَوَلَّوْا قَوْمًا غَضِبَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ مَا هُمْ مِنْكُمْ وَلَا مِنْهُمْ وَيَحْلِفُونَ عَلَى الْكَذِبِ وَهُمْ يَعْلَمُونَ
Хьуна гой и Дела шайна оьгIаз ваханчу къомаца доттагIалла лелош берш? Уьш шух бац‚ царах а бац. Харцдолчунна тIехь дуй боуш бу уьш, шайна хуушехь
58:14 -
أَعَدَّ اللَّهُ لَهُمْ عَذَابًا شَدِيدًا ۖ إِنَّهُمْ سَاءَ مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Баккъалла а, ма вōн хили-кх цара деш хилларг
58:15 -
اتَّخَذُوا أَيْمَانَهُمْ جُنَّةً فَصَدُّوا عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ فَلَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Цара лецира шайн дуйнаш /нехан довах а‚ бехках а‚ шайн къинойх/ дуьхьало йина‚ иштта цара дIатилира /нах/ Делан некъах. Царна сийсаза долу Iазап ду-кх
58:16 -
لَنْ تُغْنِيَ عَنْهُمْ أَمْوَالُهُمْ وَلَا أَوْلَادُهُمْ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا ۚ أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Хмма хьалхадоккхур дац Делера церан хьоло а, церан доьзало а. Уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу-кх. Уьш цу чохь гуттар хир бу
58:17 -
يَوْمَ يَبْعَثُهُمُ اللَّهُ جَمِيعًا فَيَحْلِفُونَ لَهُ كَمَا يَحْلِفُونَ لَكُمْ ۖ وَيَحْسَبُونَ أَنَّهُمْ عَلَىٰ شَيْءٍ ۚ أَلَا إِنَّهُمْ هُمُ الْكَاذِبُونَ
Цхьана дийнахь Дала хьалагIовтор бу уьш берриг‚ тIаккха цара Цунна дуйнаш боур бу, шуна шаьш дуйнаш баарх терра. Царна моттур ду шаьш цхьана бухана тIехь ду. Ткъа, баккъалла а, уьш бац харцлуьйш берш?!
58:18 -
اسْتَحْوَذَ عَلَيْهِمُ الشَّيْطَانُ فَأَنْسَاهُمْ ذِكْرَ اللَّهِ ۚ أُولَٰئِكَ حِزْبُ الشَّيْطَانِ ۚ أَلَا إِنَّ حِزْبَ الشَّيْطَانِ هُمُ الْخَاسِرُونَ
ШайтIано доладина царна тIехь‚ цо дицдайти цаьрга Дела хьехавар. Уьш шайтIанан тōба ю. Ткъа шайтIанан тōба яц гIорасазниг (эшнарг)?
58:19 -
إِنَّ الَّذِينَ يُحَادُّونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ أُولَٰئِكَ فِي الْأَذَلِّينَ
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а /мостагIаллица/ дуьхьалбуьйлурш уьш бу-кх уггар сийсазхиллачарна юккъехь
58:20 -
كَتَبَ اللَّهُ لَأَغْلِبَنَّ أَنَا وَرُسُلِي ۚ إِنَّ اللَّهَ قَوِيٌّ عَزِيزٌ
ДIаяздина Дала: 'Тоьлур ву Со а‚ Сан элчанаш а'. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву
58:21
Гочдар: Магомед Магомедов