Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 1 – 5

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا أَوْفُوا بِالْعُقُودِ ۚ أُحِلَّتْ لَكُمْ بَهِيمَةُ الْأَنْعَامِ إِلَّا مَا يُتْلَىٰ عَلَيْكُمْ غَيْرَ مُحِلِّي الصَّيْدِ وَأَنْتُمْ حُرُمٌ ۗ إِنَّ اللَّهَ يَحْكُمُ مَا يُرِيدُ

    ХӀай ийман диллинарш! Кхочушбе чӀагӀамаш. Хьанал дина шуна хьайбанаш, шуна /хьарам ду аьлла/ дийцина хилла доцурш а‚ шу ихьрам дихкина долуш, таллар дина экха доцург а. Баккъалла а, Дела хьукам деш ву Шена луъург

    5:1
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تُحِلُّوا شَعَائِرَ اللَّهِ وَلَا الشَّهْرَ الْحَرَامَ وَلَا الْهَدْيَ وَلَا الْقَلَائِدَ وَلَا آمِّينَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ يَبْتَغُونَ فَضْلًا مِنْ رَبِّهِمْ وَرِضْوَانًا ۚ وَإِذَا حَلَلْتُمْ فَاصْطَادُوا ۚ وَلَا يَجْرِمَنَّكُمْ شَنَآنُ قَوْمٍ أَنْ صَدُّوكُمْ عَنِ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ أَنْ تَعْتَدُوا ۘ وَتَعَاوَنُوا عَلَى الْبِرِّ وَالتَّقْوَىٰ ۖ وَلَا تَعَاوَنُوا عَلَى الْإِثْمِ وَالْعُدْوَانِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ إِنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    ХӀай ийман диллинарш! Аш хьанал ма де Делан Ӏадаташ (Дала хьарам динарг хьанал ма де)‚ хьарам беттанаш а‚ хьаьжцӀа чу гӀурбанна далийна долу бежана а /ма диэ и/‚ шайн логах туьтеш кхазийна долу хьайбанаш а‚ Хьарме баьхкина нах‚ шайн Кхиош-кхобучуьнгара дозалле а‚ резахиларе а догдохуш болчу /лара уьш‚ тергал де и хьурматаш/. Шаьш хьаьжалла даьстича, таллар де шайна акхарошна. /Хьалха/ шу Деза Маьждиге ца дуьтуш хилла болчаьрга шун хиллачу цабезамо шу ма дуьгийла /хӀинца/ царна тӀелата (Делан дозанех довларна тӀе). Аш вовшийн гӀо лаца диканна тӀехь‚ Делах кхерарна тӀехь. Аш вовшийн гӀо ма лаца къинна тӀехь‚ тӀелатарна тӀехь. Шу Делах кхера /и ца дан/. Баккъалла а, и Дела чӀогӀа ву бекхам барехь

    5:2
  3. حُرِّمَتْ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةُ وَالدَّمُ وَلَحْمُ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ وَالْمُنْخَنِقَةُ وَالْمَوْقُوذَةُ وَالْمُتَرَدِّيَةُ وَالنَّطِيحَةُ وَمَا أَكَلَ السَّبُعُ إِلَّا مَا ذَكَّيْتُمْ وَمَا ذُبِحَ عَلَى النُّصُبِ وَأَنْ تَسْتَقْسِمُوا بِالْأَزْلَامِ ۚ ذَٰلِكُمْ فِسْقٌ ۗ الْيَوْمَ يَئِسَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ دِينِكُمْ فَلَا تَخْشَوْهُمْ وَاخْشَوْنِ ۚ الْيَوْمَ أَكْمَلْتُ لَكُمْ دِينَكُمْ وَأَتْمَمْتُ عَلَيْكُمْ نِعْمَتِي وَرَضِيتُ لَكُمُ الْإِسْلَامَ دِينًا ۚ فَمَنِ اضْطُرَّ فِي مَخْمَصَةٍ غَيْرَ مُتَجَانِفٍ لِإِثْمٍ ۙ فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Шуна хьарам йина къен елла хӀума а‚ цӀий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцчун цӀе йоккхуш дийна /бежана/ а‚ лаг таӀийна (са дуькъна) дийнарг а‚ шена хӀума тоьхна дийнарг а‚ лакхара охьадоьжна делларг а‚ кхечо маӀа тоьхна дийнарг а‚ экхано дийнарг а, аш цӀандина доцург (экхано лаьцначул таьхьа аш хьакха деззачу кепара урс хаькхна делахь – мегар ду даа)‚ тлгана (цшна)лерина урс хьаькхнарг а‚ аш пхерчашца пал тесна декъна хилларг а. И фасикъ хӀума ду (Далла муьтхь хиларх двалар). Тахана дог диллина керстанаша шун динах. Шу царах ма кхера. Шу Сох кхера. Тахана чекхдаьккхина Ас шуна шун дин‚ кхочушдина шуна Сайн ниӀмат. Реза хилла Со Ислам шуна дин хиларца. Нагахь санна цхьанна чӀогӀачу мацаллехь /царах хӀума/ ца ваьлла яахь, ша къа дарна тӀегӀерташ воцуш‚– баккъалла а, Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ма ву (цу хьарам йолчух кӀеззиг хӀума яа мегар ду цунна мацалла ца вала)

    5:3
  4. يَسْأَلُونَكَ مَاذَا أُحِلَّ لَهُمْ ۖ قُلْ أُحِلَّ لَكُمُ الطَّيِّبَاتُ ۙ وَمَا عَلَّمْتُمْ مِنَ الْجَوَارِحِ مُكَلِّبِينَ تُعَلِّمُونَهُنَّ مِمَّا عَلَّمَكُمُ اللَّهُ ۖ فَكُلُوا مِمَّا أَمْسَكْنَ عَلَيْكُمْ وَاذْكُرُوا اسْمَ اللَّهِ عَلَيْهِ ۖ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Хьоьга хоьтту цара: 'ХӀун хьанал йина ю шайна /яа/?' бохуш. Ахь āла: 'Хьанал йина шуна цӀена хӀуманаш а‚ Дала шайна Ӏамийнчух – аш Ӏамийна хилла долчу дйинато лаьцнарг а. Аш даа цо шайна лаьцначух‚ Делан цӀе яккха цунна тӀехь‚ Делах кхера шу. Баккъалла а, и Дела сиха ву хьесап дарехь '

    5:4
  5. الْيَوْمَ أُحِلَّ لَكُمُ الطَّيِّبَاتُ ۖ وَطَعَامُ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ حِلٌّ لَكُمْ وَطَعَامُكُمْ حِلٌّ لَهُمْ ۖ وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ الْمُؤْمِنَاتِ وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ إِذَا آتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ مُحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ وَلَا مُتَّخِذِي أَخْدَانٍ ۗ وَمَنْ يَكْفُرْ بِالْإِيمَانِ فَقَدْ حَبِطَ عَمَلُهُ وَهُوَ فِي الْآخِرَةِ مِنَ الْخَاسِرِينَ

    Тахана хьанал йина шуна цӀена хӀуманаш‚ жайнан охӀлан кхача а хьанал бу шуна‚ шун кхача хьанал бу царна а. Муъмин зударех цӀена гӀиллакхе берш (нахаца ца лелаш берш)‚ шул хьалха шайга жайна доссийначарех цӀена гӀиллакхе зударий (нахаца ца лелаш берш) хьанал бу шуна /маре бало/‚ аш церан мах белча‚ шу боьханиг дан гӀерташ ца хилча‚ доттагӀ лаца гӀерташ дацахь. Ийман харцдеш милла велахь а – цуьнан Ӏамал яйна‚ эхартахь и хир ву эшначарех

    5:5

Гочдар: Магомед Магомедов