Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 5
-
الْيَوْمَ أُحِلَّ لَكُمُ الطَّيِّبَاتُ ۖ وَطَعَامُ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ حِلٌّ لَكُمْ وَطَعَامُكُمْ حِلٌّ لَهُمْ ۖ وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ الْمُؤْمِنَاتِ وَالْمُحْصَنَاتُ مِنَ الَّذِينَ أُوتُوا الْكِتَابَ مِنْ قَبْلِكُمْ إِذَا آتَيْتُمُوهُنَّ أُجُورَهُنَّ مُحْصِنِينَ غَيْرَ مُسَافِحِينَ وَلَا مُتَّخِذِي أَخْدَانٍ ۗ وَمَنْ يَكْفُرْ بِالْإِيمَانِ فَقَدْ حَبِطَ عَمَلُهُ وَهُوَ فِي الْآخِرَةِ مِنَ الْخَاسِرِينَ
Тахана хьанал йина шуна цIена хIуманаш‚ жайнан охIлан кхача а хьанал бу шуна‚ шун кхача хьанал бу царна а. Муъмин зударех цIена гIиллакхе берш (нахаца ца лелаш берш)‚ шул хьалха шайга жайна доссийначарех цIена гIиллакхе зударий (нахаца ца лелаш берш) хьанал бу шуна /маре бало/‚ аш церан мах белча‚ шу боьханиг дан гIерташ ца хилча‚ доттагI лаца гIерташ дацахь. Ийман харцдеш милла велахь а – цуьнан Iамал яйна‚ эхартахь и хир ву эшначарех
5:5
Гочдар: Магомед Магомедов