Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 109 – 115
-
يَوْمَ يَجْمَعُ اللَّهُ الرُّسُلَ فَيَقُولُ مَاذَا أُجِبْتُمْ ۖ قَالُوا لَا عِلْمَ لَنَا ۖ إِنَّكَ أَنْتَ عَلَّامُ الْغُيُوبِ
Оцу (къемат)дийнахь Дала гулбийр бу элчанаш‚ Цо эр ду: 'ХӀун жоп делла шуьга'. Цара (элчанаш) эр: 'Ӏилма дац тхан (тхуна хаац)‚ баккъалла а, Хьо ма ву къайленаш дика хуург'
5:109 -
إِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ اذْكُرْ نِعْمَتِي عَلَيْكَ وَعَلَىٰ وَالِدَتِكَ إِذْ أَيَّدْتُكَ بِرُوحِ الْقُدُسِ تُكَلِّمُ النَّاسَ فِي الْمَهْدِ وَكَهْلًا ۖ وَإِذْ عَلَّمْتُكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ ۖ وَإِذْ تَخْلُقُ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ بِإِذْنِي فَتَنْفُخُ فِيهَا فَتَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِي ۖ وَتُبْرِئُ الْأَكْمَهَ وَالْأَبْرَصَ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ تُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ كَفَفْتُ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَنْكَ إِذْ جِئْتَهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ
Дала аьллера: 'ХӀай Марьяман кӀант Ӏийса‚ ахь дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а хилла долу Сан ниӀмат. Ас чӀагӀ ма вира хьо Дезачу Сица‚ āгана чохь волуш нахаца хабар дуьйцура ахь‚ воккха хилча а‚ Ас хьуна ма Ӏамийра жайна а, хьекъалалла а‚ Таврат а‚ Инжил а‚ ахь ма кхуллура поппарх хьозанан куьцах тера хма, Сан пурбанца‚ цу чу са доӀура ахь – и хьоза хуьлура Сан пурбанца. Ахь тавора бӀаьрса доцург а‚ барс цамгар ерг а Сан пурбанца. Велларг денвора ахь Сан пурбанца; хьо лар ма вира Ас бану Исраилех‚ хьо царна тӀе билгалонашца веъча. ТӀаккха царах керстанаша ма элира: 'Иза билггала холмачалла (бозбуунчалла) а бен ма дац ',
5:110 -
وَإِذْ أَوْحَيْتُ إِلَى الْحَوَارِيِّينَ أَنْ آمِنُوا بِي وَبِرَسُولِي قَالُوا آمَنَّا وَاشْهَدْ بِأَنَّنَا مُسْلِمُونَ
Ас дагчу ма диллира хьаварешна Соьга а‚ Сан элчане а ийман дилла‚ аьлла. Цара элира: 'Оха ийман диллина‚ ахь тешалла де тхо бусулбанаш хилар '
5:111 -
إِذْ قَالَ الْحَوَارِيُّونَ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ هَلْ يَسْتَطِيعُ رَبُّكَ أَنْ يُنَزِّلَ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ ۖ قَالَ اتَّقُوا اللَّهَ إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ
Хьавареша ма элира: 'ХӀай Марьяман кӀант Ӏийса‚ хьан Элан (Делан) ницкъ кхочур барий тхуна стиглара /даарийн/ шун охьадоссо?' Цо элира: 'Делах кхера, шу ийман долуш хиллехь '
5:112 -
قَالُوا نُرِيدُ أَنْ نَأْكُلَ مِنْهَا وَتَطْمَئِنَّ قُلُوبُنَا وَنَعْلَمَ أَنْ قَدْ صَدَقْتَنَا وَنَكُونَ عَلَيْهَا مِنَ الشَّاهِدِينَ
Цара элира: 'Тхуна лаъа цу чуьра хӀума яа‚ тхан дегнаш чӀагӀдан /тешарца/‚ хаа лаьа тхуна хьо тхоьга бакълийна хилар (ийманах а‚ Делах а лаьцна дийцарехь)‚ тхо цунна тӀехь тешаш хила а'
5:113 -
قَالَ عِيسَى ابْنُ مَرْيَمَ اللَّهُمَّ رَبَّنَا أَنْزِلْ عَلَيْنَا مَائِدَةً مِنَ السَّمَاءِ تَكُونُ لَنَا عِيدًا لِأَوَّلِنَا وَآخِرِنَا وَآيَةً مِنْكَ ۖ وَارْزُقْنَا وَأَنْتَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Марьяман кӀанта Ӏийсас элира: 'Тхан Дела – тхан Эла (Дела)‚ охьадоссадехьа тхуна стиглара шун‚ тхуна дезде (Ӏийд) хир дара цунах тхан хьалхарчунна а‚ тхан тӀаьхьарчунна а‚ Хьоьгара делил а хир дара. Рицкъ лōлахь тхуна. Хьо рицкъ лучарах уггар диканиг ма ву'
5:114 -
قَالَ اللَّهُ إِنِّي مُنَزِّلُهَا عَلَيْكُمْ ۖ فَمَنْ يَكْفُرْ بَعْدُ مِنْكُمْ فَإِنِّي أُعَذِّبُهُ عَذَابًا لَا أُعَذِّبُهُ أَحَدًا مِنَ الْعَالَمِينَ
Дала элира: 'Ас охьадоссор ду шуна и (шун‚ даарх дуьззина). ТӀаккха цул тӀаьхьа шух керстаналла динчунна – ас Ӏазап дийр ма ду цунна Ӏазапца‚ Ӏаламашкахь цхьанна ца динчу кеппара'
5:115
Гочдар: Магомед Магомедов