Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 110

  1. إِذْ قَالَ اللَّهُ يَا عِيسَى ابْنَ مَرْيَمَ اذْكُرْ نِعْمَتِي عَلَيْكَ وَعَلَىٰ وَالِدَتِكَ إِذْ أَيَّدْتُكَ بِرُوحِ الْقُدُسِ تُكَلِّمُ النَّاسَ فِي الْمَهْدِ وَكَهْلًا ۖ وَإِذْ عَلَّمْتُكَ الْكِتَابَ وَالْحِكْمَةَ وَالتَّوْرَاةَ وَالْإِنْجِيلَ ۖ وَإِذْ تَخْلُقُ مِنَ الطِّينِ كَهَيْئَةِ الطَّيْرِ بِإِذْنِي فَتَنْفُخُ فِيهَا فَتَكُونُ طَيْرًا بِإِذْنِي ۖ وَتُبْرِئُ الْأَكْمَهَ وَالْأَبْرَصَ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ تُخْرِجُ الْمَوْتَىٰ بِإِذْنِي ۖ وَإِذْ كَفَفْتُ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَنْكَ إِذْ جِئْتَهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْهُمْ إِنْ هَٰذَا إِلَّا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Дала аьллера: 'ХIай Марьяман кIант Iийса‚ ахь дагадаийта хьайна а‚ хьан нанна а хилла долу Сан ниIмат. Ас чIагI ма вира хьо Дезачу Сица‚ āгана чохь волуш нахаца хабар дуьйцура ахь‚ воккха хилча а‚ Ас хьуна ма Iамийра жайна а, хьекъалалла а‚ Таврат а‚ Инжил а‚ ахь ма кхуллура поппарх хьозанан куьцах тера хма, Сан пурбанца‚ цу чу са доIура ахь – и хьоза хуьлура Сан пурбанца. Ахь тавора бIаьрса доцург а‚ барс цамгар ерг а Сан пурбанца. Велларг денвора ахь Сан пурбанца; хьо лар ма вира Ас бану Исраилех‚ хьо царна тIе билгалонашца веъча. ТIаккха царах керстанаша ма элира: 'Иза билггала холмачалла (бозбуунчалла) а бен ма дац ',

    5:110

Гочдар: Магомед Магомедов