Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 12 – 19

  1. وَلَقَدْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَبَعَثْنَا مِنْهُمُ اثْنَيْ عَشَرَ نَقِيبًا ۖ وَقَالَ اللَّهُ إِنِّي مَعَكُمْ ۖ لَئِنْ أَقَمْتُمُ الصَّلَاةَ وَآتَيْتُمُ الزَّكَاةَ وَآمَنْتُمْ بِرُسُلِي وَعَزَّرْتُمُوهُمْ وَأَقْرَضْتُمُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا لَأُكَفِّرَنَّ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَلَأُدْخِلَنَّكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۚ فَمَنْ كَفَرَ بَعْدَ ذَٰلِكَ مِنْكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ

    Дала барт бира Исраилан кӀенташца‚ царах шийтта тешаме стаг вахийтира Оха‚ Дала элира: 'Со шуьца ву.” Аш ламаз хӀоттадахь‚ закат лахь‚ Сан элчанех тешахь‚ аш цаьргахьа гӀо даккхахь, аш Далла /юхалург/ хаза декхар лахь – шун вонаш дойур ма ду Ас‚ бошмашна чу (ялсамане) дохуьйтур ма ду шу‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу. Цул тӀаьхьа шух керстаналла динарг – нийса некъ тилийнарг ма ву и

    5:12
  2. فَبِمَا نَقْضِهِمْ مِيثَاقَهُمْ لَعَنَّاهُمْ وَجَعَلْنَا قُلُوبَهُمْ قَاسِيَةً ۖ يُحَرِّفُونَ الْكَلِمَ عَنْ مَوَاضِعِهِ ۙ وَنَسُوا حَظًّا مِمَّا ذُكِّرُوا بِهِ ۚ وَلَا تَزَالُ تَطَّلِعُ عَلَىٰ خَائِنَةٍ مِنْهُمْ إِلَّا قَلِيلًا مِنْهُمْ ۖ فَاعْفُ عَنْهُمْ وَاصْفَحْ ۚ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ

    Цара и шайн ваӀда (барт) йохорна неӀалт аьлла Оха царна‚ церан дегнаш дина къиза‚ дош хуьйцуш бу уьш шен меттигера. Дицдина цара /Дала/ шайга /хьехамца/ доссийна хиллачух цхьа дāкъа. Хьо (хӀай Мухьаммад) дӀатуьлур ма вац цаьргара тешнабехкана тӀенисвларх‚ царах цхьа кӀеззиг боцчучарах бен. КъинтӀера вала царна‚ гечде царна. Баккъалла а, Далла дукхабеза диканиг деш берш

    5:13
  3. وَمِنَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّا نَصَارَىٰ أَخَذْنَا مِيثَاقَهُمْ فَنَسُوا حَظًّا مِمَّا ذُكِّرُوا بِهِ فَأَغْرَيْنَا بَيْنَهُمُ الْعَدَاوَةَ وَالْبَغْضَاءَ إِلَىٰ يَوْمِ الْقِيَامَةِ ۚ وَسَوْفَ يُنَبِّئُهُمُ اللَّهُ بِمَا كَانُوا يَصْنَعُونَ

    Оха ваӀда ийцира тхо насараш (христианаш) ду аьллачаьргара‚ цара а дицдира цхьа дāкъа шеца шайна хьехам бина хилла долчух. Царна юкъатесира Оха мостагӀалла а‚ оьгӀазло а къематде хӀотталц‚ тӀаккха дуьйцур ду Дала‚ уьш хӀун деш хилла, аьлла

    5:14
  4. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ قَدْ جَاءَكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ كَثِيرًا مِمَّا كُنْتُمْ تُخْفُونَ مِنَ الْكِتَابِ وَيَعْفُو عَنْ كَثِيرٍ ۚ قَدْ جَاءَكُمْ مِنَ اللَّهِ نُورٌ وَكِتَابٌ مُبِينٌ

    ХӀай жайнан охӀла! Веана шуьга Тхан элча‚ аш жайнах хьулдеш хилла долу дуккханиг шуна билгалдеш волу‚ дукханиг гучу ца доккхуш а дуьту цо. Деана шуьга Делера нур а‚ билгала жайна а

    5:15
  5. يَهْدِي بِهِ اللَّهُ مَنِ اتَّبَعَ رِضْوَانَهُ سُبُلَ السَّلَامِ وَيُخْرِجُهُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ بِإِذْنِهِ وَيَهْدِيهِمْ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ

    Цуьнца нисво Дала Ша резахиларна тӀаьхьахӀоьттинарг машаран некъашка‚ боданашкара нуьре арабоху Цо уьш Шен лаамца‚ нисбо Цо уьш нийсачу новкъа

    5:16
  6. لَقَدْ كَفَرَ الَّذِينَ قَالُوا إِنَّ اللَّهَ هُوَ الْمَسِيحُ ابْنُ مَرْيَمَ ۚ قُلْ فَمَنْ يَمْلِكُ مِنَ اللَّهِ شَيْئًا إِنْ أَرَادَ أَنْ يُهْلِكَ الْمَسِيحَ ابْنَ مَرْيَمَ وَأُمَّهُ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ جَمِيعًا ۗ وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۚ يَخْلُقُ مَا يَشَاءُ ۚ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    Керстаналла дина шаьш аьллачара: 'Баккъалла а, Дела И ма ву Марьяман кӀант Масūхь'. Ахь āла: 'Делера цхьанна хӀуманна доладалуш мила ву, Цунна лиъча хӀаллакван Марьяман кӀант Масūхь а‚ цуьнан нана а‚ лаьттахь мел дерг а?' Делан ма ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а. Шена луург кхуллуш ву И. И Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву

    5:17
  7. وَقَالَتِ الْيَهُودُ وَالنَّصَارَىٰ نَحْنُ أَبْنَاءُ اللَّهِ وَأَحِبَّاؤُهُ ۚ قُلْ فَلِمَ يُعَذِّبُكُمْ بِذُنُوبِكُمْ ۖ بَلْ أَنْتُمْ بَشَرٌ مِمَّنْ خَلَقَ ۚ يَغْفِرُ لِمَنْ يَشَاءُ وَيُعَذِّبُ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ وَإِلَيْهِ الْمَصِيرُ

    Жуьгташа а‚ насараша а элира: 'Тхо ду Делан кӀентий а‚ Цуьнан дукхадезарш а'. Ахь āла: 'Ткъа шуна Ӏазап хӀунда до Цо шун къинош бахьанехь? ХӀан-хӀа‚ шу адамаш ду Цо кхоьллинчарах. Шена луучунна гечдийр ду Цо‚ Шена луучунна Ӏазап дийр ду. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а долалла‚ царна юккъехь дерг а‚ Цуьнга ду /массеран а тӀаьххьара/ дӀадерзар'

    5:18
  8. يَا أَهْلَ الْكِتَابِ قَدْ جَاءَكُمْ رَسُولُنَا يُبَيِّنُ لَكُمْ عَلَىٰ فَتْرَةٍ مِنَ الرُّسُلِ أَنْ تَقُولُوا مَا جَاءَنَا مِنْ بَشِيرٍ وَلَا نَذِيرٍ ۖ فَقَدْ جَاءَكُمْ بَشِيرٌ وَنَذِيرٌ ۗ وَاللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ

    ХӀай жайнан охӀла! Веана шуьга Тхан элча /Мухьаммад/, билгаладоккхуш шуна /хӀуманаш/ элчанаш бахкар сацаделла хиллачу муьрехь‚ шуьга ца алийтархьама: 'Ца веана тхоьга кхаъ боккхург‚ ца веана тхоьга кхерам тосург'. Веана шуьга кхаъ боккхург а‚ веана шуьга кхерам тосург а. Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочуш ма ву

    5:19

Гочдар: Магомед Магомедов