Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 12
-
وَلَقَدْ أَخَذَ اللَّهُ مِيثَاقَ بَنِي إِسْرَائِيلَ وَبَعَثْنَا مِنْهُمُ اثْنَيْ عَشَرَ نَقِيبًا ۖ وَقَالَ اللَّهُ إِنِّي مَعَكُمْ ۖ لَئِنْ أَقَمْتُمُ الصَّلَاةَ وَآتَيْتُمُ الزَّكَاةَ وَآمَنْتُمْ بِرُسُلِي وَعَزَّرْتُمُوهُمْ وَأَقْرَضْتُمُ اللَّهَ قَرْضًا حَسَنًا لَأُكَفِّرَنَّ عَنْكُمْ سَيِّئَاتِكُمْ وَلَأُدْخِلَنَّكُمْ جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۚ فَمَنْ كَفَرَ بَعْدَ ذَٰلِكَ مِنْكُمْ فَقَدْ ضَلَّ سَوَاءَ السَّبِيلِ
Дала барт бира Исраилан кIенташца‚ царах шийтта тешаме стаг вахийтира Оха‚ Дала элира: 'Со шуьца ву.” Аш ламаз хIоттадахь‚ закат лахь‚ Сан элчанех тешахь‚ аш цаьргахьа гIо даккхахь, аш Далла /юхалург/ хаза декхар лахь – шун вонаш дойур ма ду Ас‚ бошмашна чу (ялсамане) дохуьйтур ма ду шу‚ шена бухахула хиш оьхуш йолчу. Цул тIаьхьа шух керстаналла динарг – нийса некъ тилийнарг ма ву и
5:12
Гочдар: Магомед Магомедов