Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 44 – 50

  1. إِنَّا أَنْزَلْنَا التَّوْرَاةَ فِيهَا هُدًى وَنُورٌ ۚ يَحْكُمُ بِهَا النَّبِيُّونَ الَّذِينَ أَسْلَمُوا لِلَّذِينَ هَادُوا وَالرَّبَّانِيُّونَ وَالْأَحْبَارُ بِمَا اسْتُحْفِظُوا مِنْ كِتَابِ اللَّهِ وَكَانُوا عَلَيْهِ شُهَدَاءَ ۚ فَلَا تَخْشَوُا النَّاسَ وَاخْشَوْنِ وَلَا تَشْتَرُوا بِآيَاتِي ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ

    Баккъалла а, Оха охьадоссийна Таврат /Мусага/‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш. Цуьнца хьукам до жуьгташна /Делан гӀуллакхна/ муьтӀахь хилла болчу пайхамараша а‚ /цуьнца хьукам до/ раббанаша а‚ ахьбараша а Делан жайнах шайна Ӏалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тӀехь тешаш. Шу нахах ма кхера‚ шу кхера Сох‚ ма дохка Сан аяташ кӀеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш –уьш керстанаш бу (и Делан хьукам ца дезаш я нийса ца лоруш белахь)

    5:44
  2. وَكَتَبْنَا عَلَيْهِمْ فِيهَا أَنَّ النَّفْسَ بِالنَّفْسِ وَالْعَيْنَ بِالْعَيْنِ وَالْأَنْفَ بِالْأَنْفِ وَالْأُذُنَ بِالْأُذُنِ وَالسِّنَّ بِالسِّنِّ وَالْجُرُوحَ قِصَاصٌ ۚ فَمَنْ تَصَدَّقَ بِهِ فَهُوَ كَفَّارَةٌ لَهُ ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ

    Оха тӀедиллина царна цу (Таврата) чохь: са – сица‚ бӀаьрг – бӀаьргаца‚ мара – мерца‚ лерг – лергаца‚ церг – цергаца‚ чевнаш йоькхур ю (чӀир оьцур ю), аьлла. Цхьаммо гечдахь‚ и цунна кафарат (къинойх цӀанвалар) ду. Дала доссийначуьнца (нийса) хьукам ца деш берш – уьш зуламхой бу

    5:45
  3. وَقَفَّيْنَا عَلَىٰ آثَارِهِمْ بِعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ ۖ وَآتَيْنَاهُ الْإِنْجِيلَ فِيهِ هُدًى وَنُورٌ وَمُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ التَّوْرَاةِ وَهُدًى وَمَوْعِظَةً لِلْمُتَّقِينَ

    Царна тӀаьххье ваийтира Оха Марьяман кӀант Ӏийса‚ бакъдеш шел хьалха хилла Таврат. Цуьнга делира Оха Инжил‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш‚ ша бакъдеш долу шел хьалха хилла Таврат‚ ша нийса некъ а, /Делах/ кхоьруш болчарна хьехам а хилла долу

    5:46
  4. وَلْيَحْكُمْ أَهْلُ الْإِنْجِيلِ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فِيهِ ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Инжилан охӀлано хьукам дойла шайга цу чохь доссийначуьнца. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш – уьш фасикъаш бу (Далла муьтхь ца хилларш)

    5:47
  5. وَأَنْزَلْنَا إِلَيْكَ الْكِتَابَ بِالْحَقِّ مُصَدِّقًا لِمَا بَيْنَ يَدَيْهِ مِنَ الْكِتَابِ وَمُهَيْمِنًا عَلَيْهِ ۖ فَاحْكُمْ بَيْنَهُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ ۖ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ عَمَّا جَاءَكَ مِنَ الْحَقِّ ۚ لِكُلٍّ جَعَلْنَا مِنْكُمْ شِرْعَةً وَمِنْهَاجًا ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَجَعَلَكُمْ أُمَّةً وَاحِدَةً وَلَٰكِنْ لِيَبْلُوَكُمْ فِي مَا آتَاكُمْ ۖ فَاسْتَبِقُوا الْخَيْرَاتِ ۚ إِلَى اللَّهِ مَرْجِعُكُمْ جَمِيعًا فَيُنَبِّئُكُمْ بِمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Хьоьга /хӀай Мухьаммад/ доссийна Оха жайна бакъдолчуьнца‚ ша бакъдеш шел хьалха хилла жайна‚ ша иза лашдеш а долу. Ахь хьукам де царна юккъехь Дала хьайга доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тӀаьхьа ма хӀотта хьайга деана долчу бакъдолчух. Шух хӀоранна Оха шарӀ дина‚ /динехь/ билгала некъ бина (минхӀаж). Далла лиъна хиллехьара, цхьана умматах дийр дара шу‚ мухха делахь а, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь (хилийтина Цо дуккха динаш). Диканашна тӀехь хьалхе яккха къовса (вовшашца)‚ Деле ду шун массеран а дӀадерзар‚ тӀаккха дуьйцур ду Цо шуьга шун хилпалонаш шегахь хилларг

    5:48
  6. وَأَنِ احْكُمْ بَيْنَهُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ وَلَا تَتَّبِعْ أَهْوَاءَهُمْ وَاحْذَرْهُمْ أَنْ يَفْتِنُوكَ عَنْ بَعْضِ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ إِلَيْكَ ۖ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَاعْلَمْ أَنَّمَا يُرِيدُ اللَّهُ أَنْ يُصِيبَهُمْ بِبَعْضِ ذُنُوبِهِمْ ۗ وَإِنَّ كَثِيرًا مِنَ النَّاسِ لَفَاسِقُونَ

    /И доссийна Оха хьоьга омра деш/: хьукам де царна юккъехь Дала доссийначуьнца‚ церан синлаамашна тӀаьхьа ма ваза‚ ларло царах, хьо цара дӀатилаварах цхьадолчу Дала хьоьга доссийначух. Уьш дӀаберзахь‚ хьуна хаалахь, Дела лууш хилар уьш балане лаца церан цхьадолчу къинош бахьанехь. Баккъалла а, нахах дукхаберш фасикъаш ма бу

    5:49
  7. أَفَحُكْمَ الْجَاهِلِيَّةِ يَبْغُونَ ۚ وَمَنْ أَحْسَنُ مِنَ اللَّهِ حُكْمًا لِقَوْمٍ يُوقِنُونَ

    ЖехӀаллин хьукамна тӀетийжа уьш ткъа? Мила ву ткъа Делал хьукам хаза деш тешаш долчу къомана?

    5:50

Гочдар: Магомед Магомедов