Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 44
-
إِنَّا أَنْزَلْنَا التَّوْرَاةَ فِيهَا هُدًى وَنُورٌ ۚ يَحْكُمُ بِهَا النَّبِيُّونَ الَّذِينَ أَسْلَمُوا لِلَّذِينَ هَادُوا وَالرَّبَّانِيُّونَ وَالْأَحْبَارُ بِمَا اسْتُحْفِظُوا مِنْ كِتَابِ اللَّهِ وَكَانُوا عَلَيْهِ شُهَدَاءَ ۚ فَلَا تَخْشَوُا النَّاسَ وَاخْشَوْنِ وَلَا تَشْتَرُوا بِآيَاتِي ثَمَنًا قَلِيلًا ۚ وَمَنْ لَمْ يَحْكُمْ بِمَا أَنْزَلَ اللَّهُ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْكَافِرُونَ
Баккъалла а, Оха охьадоссийна Таврат /Мусага/‚ шена чохь нийса некъ а‚ нур а долуш. Цуьнца хьукам до жуьгташна /Делан гIуллакхна/ муьтIахь хилла болчу пайхамараша а‚ /цуьнца хьукам до/ раббанаша а‚ ахьбараша а Делан жайнах шайна Iалашдина хиллачуьнца‚ уьш хилира цу тIехь тешаш. Шу нахах ма кхера‚ шу кхера Сох‚ ма дохка Сан аяташ кIеззигчу мехах. Дала доссийначуьнца хьукам ца деш берш –уьш керстанаш бу (и Делан хьукам ца дезаш я нийса ца лоруш белахь)
5:44
Гочдар: Магомед Магомедов