Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 78 – 86
-
لُعِنَ الَّذِينَ كَفَرُوا مِنْ بَنِي إِسْرَائِيلَ عَلَىٰ لِسَانِ دَاوُودَ وَعِيسَى ابْنِ مَرْيَمَ ۚ ذَٰلِكَ بِمَا عَصَوْا وَكَانُوا يَعْتَدُونَ
Исраилан кӀентех керстаналла диначарна неӀалт аьлла Давудан а‚ Марьяман кӀентан Ӏийсан а багахула. И – цара йинчу Ӏесаллина а‚ уьш дозанех бовлуш хиларна а ду
5:78 -
كَانُوا لَا يَتَنَاهَوْنَ عَنْ مُنْكَرٍ فَعَلُوهُ ۚ لَبِئْسَ مَا كَانُوا يَفْعَلُونَ
Уьш хилла шаьш динчу вочунна вовшашка нехӀи ца деш. Ма вон ду-кх цара деш хилларг!
5:79 -
تَرَىٰ كَثِيرًا مِنْهُمْ يَتَوَلَّوْنَ الَّذِينَ كَفَرُوا ۚ لَبِئْسَ مَا قَدَّمَتْ لَهُمْ أَنْفُسُهُمْ أَنْ سَخِطَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَفِي الْعَذَابِ هُمْ خَالِدُونَ
Хьуна го царах (жуьгтех) дукхаберш бу керстаналла диначарах доттагӀий беш. Ма вон ду-кх цара шайна хьалхадаьккхинарг – Дела шайна оьгӀазвахийтар. Ӏазабехь уьш гуттар буьсур ма бу
5:80 -
وَلَوْ كَانُوا يُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالنَّبِيِّ وَمَا أُنْزِلَ إِلَيْهِ مَا اتَّخَذُوهُمْ أَوْلِيَاءَ وَلَٰكِنَّ كَثِيرًا مِنْهُمْ فَاسِقُونَ
Делах а‚ пайхамарах а‚ цуьнга доссинчух а уьш тешаш хиллехьара‚ уьш доттагӀий бина луьйцур бацара цара‚ мухха делахь а, царах дукхаберш фасикъаш бу
5:81 -
لَتَجِدَنَّ أَشَدَّ النَّاسِ عَدَاوَةً لِلَّذِينَ آمَنُوا الْيَهُودَ وَالَّذِينَ أَشْرَكُوا ۖ وَلَتَجِدَنَّ أَقْرَبَهُمْ مَوَدَّةً لِلَّذِينَ آمَنُوا الَّذِينَ قَالُوا إِنَّا نَصَارَىٰ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّ مِنْهُمْ قِسِّيسِينَ وَرُهْبَانًا وَأَنَّهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ
Хьуна каранне а карор ма бу ийман диллинчарна мостагӀаллица нахах уггаре чӀогӀа берш жуьгтий а‚ шаьш ширк динарш а. Хьуна каранне а карор ма бу царах ийман диллинчарна безамца уггаре гергара берш шаьш аьлларш: 'Баккъалла а, тхо насараш ду'. Иза царах къиссисаш а‚ рухӀбанаш а хиларна а‚ цара куралла ца ярна а ду
5:82 -
وَإِذَا سَمِعُوا مَا أُنْزِلَ إِلَى الرَّسُولِ تَرَىٰ أَعْيُنَهُمْ تَفِيضُ مِنَ الدَّمْعِ مِمَّا عَرَفُوا مِنَ الْحَقِّ ۖ يَقُولُونَ رَبَّنَا آمَنَّا فَاكْتُبْنَا مَعَ الشَّاهِدِينَ
Шайна хезча элчане доссийнарг, хьуна го церан бӀаьргаш бӀаьрхийх буьзна шайна девзинчу бакъдолчух. Цара олу: 'Тхан Кхиош-кхобург‚ Оха ийман диллина. Ахь дӀаязделахь тхо шахӀадат далочаьрца
5:83 -
وَمَا لَنَا لَا نُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَمَا جَاءَنَا مِنَ الْحَقِّ وَنَطْمَعُ أَنْ يُدْخِلَنَا رَبُّنَا مَعَ الْقَوْمِ الصَّالِحِينَ
Тхуна хӀун ду ца теша Деле а‚ Цо тхоьга деъначу бакъдолчуьнга а‚ тхо чӀогӀа лууш ду тхан Кхиош-кхобучо тхо чудохуьйтийла дикачу къомаца /ялсаманичу/ '
5:84 -
فَأَثَابَهُمُ اللَّهُ بِمَا قَالُوا جَنَّاتٍ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ وَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْمُحْسِنِينَ
Дала мēла белира царна цара аьллачунна дуьхьал – (ялсаманин) бошмаш‚ шайн бухахула хиш оьхуш йолу‚ гуттар лаьттар бу уьш цу чохь. И бу дикачеран бекхам
5:85 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا أُولَٰئِكَ أَصْحَابُ الْجَحِيمِ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харц динарш а – уьш бу жоьжахатин дай
5:86
Гочдар: Магомед Магомедов