Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 82

  1. لَتَجِدَنَّ أَشَدَّ النَّاسِ عَدَاوَةً لِلَّذِينَ آمَنُوا الْيَهُودَ وَالَّذِينَ أَشْرَكُوا ۖ وَلَتَجِدَنَّ أَقْرَبَهُمْ مَوَدَّةً لِلَّذِينَ آمَنُوا الَّذِينَ قَالُوا إِنَّا نَصَارَىٰ ۚ ذَٰلِكَ بِأَنَّ مِنْهُمْ قِسِّيسِينَ وَرُهْبَانًا وَأَنَّهُمْ لَا يَسْتَكْبِرُونَ

    Хьуна каранне а карор ма бу ийман диллинчарна мостагIаллица нахах уггаре чIогIа берш жуьгтий а‚ шаьш ширк динарш а. Хьуна каранне а карор ма бу царах ийман диллинчарна безамца уггаре гергара берш шаьш аьлларш: 'Баккъалла а, тхо насараш ду'. Иза царах къиссисаш а‚ рухIбанаш а хиларна а‚ цара куралла ца ярна а ду

    5:82

Гочдар: Магомед Магомедов