Сурат 5 Аль-маида (Даарийн шун), аят 94 – 100
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَيَبْلُوَنَّكُمُ اللَّهُ بِشَيْءٍ مِنَ الصَّيْدِ تَنَالُهُ أَيْدِيكُمْ وَرِمَاحُكُمْ لِيَعْلَمَ اللَّهُ مَنْ يَخَافُهُ بِالْغَيْبِ ۚ فَمَنِ اعْتَدَىٰ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَلَهُ عَذَابٌ أَلِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Зенне а зуьйр ма ду шу Дала таллар дечу хӀуманца (хьоза я кхин акха делахь) шена шун куьйгаш а‚ чоьмукъаш а тӀекхиъна долчу, Далла вовзархьама Ша гуш воццушехь Шех кхоьруш верг. Цул тӀаьхьа дозанах ваьлларг – цунна лазош долу Ӏазап ду
5:94 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَقْتُلُوا الصَّيْدَ وَأَنْتُمْ حُرُمٌ ۚ وَمَنْ قَتَلَهُ مِنْكُمْ مُتَعَمِّدًا فَجَزَاءٌ مِثْلُ مَا قَتَلَ مِنَ النَّعَمِ يَحْكُمُ بِهِ ذَوَا عَدْلٍ مِنْكُمْ هَدْيًا بَالِغَ الْكَعْبَةِ أَوْ كَفَّارَةٌ طَعَامُ مَسَاكِينَ أَوْ عَدْلُ ذَٰلِكَ صِيَامًا لِيَذُوقَ وَبَالَ أَمْرِهِ ۗ عَفَا اللَّهُ عَمَّا سَلَفَ ۚ وَمَنْ عَادَ فَيَنْتَقِمُ اللَّهُ مِنْهُ ۗ وَاللَّهُ عَزِيزٌ ذُو انْتِقَامٍ
ХӀай ийман диллинарш! Аш дийнаташ (акхарой) ма дайалаш шаьш хьаьждихкина долуш. Шух шена хуъушехь цхьаммо и диэхь – цуьнан бекхам бу даьхнех цо дайинчун барам /сагӀина даккхар/‚ цуьнца хьукам дийр ду шух шина Ӏедале волчу стага и гӀурбанна кечдина бежана КаӀбе кхочуьйтуш‚ я /цуьнан бекхам бу/ каффарат дар – мискачу нахана даа хӀума далар‚ я цуьнан метта (мискачарна дала хӀума дацахь) марха кхабар‚ шен гӀуллакхан бāла Ӏовшархьама. Гечдина Дала хьалха даьлларг. Юха а цунна тӀеверзахь (и къа дан) цуьнгара бекхам оьцур бу Дала. Дела веза верг а ву‚ бекхам оьцуш а ву
5:95 -
أُحِلَّ لَكُمْ صَيْدُ الْبَحْرِ وَطَعَامُهُ مَتَاعًا لَكُمْ وَلِلسَّيَّارَةِ ۖ وَحُرِّمَ عَلَيْكُمْ صَيْدُ الْبَرِّ مَا دُمْتُمْ حُرُمًا ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ الَّذِي إِلَيْهِ تُحْشَرُونَ
Хьанал ду шуна таллар дан хӀордан дийнаташна‚ цуьнан (хӀордан дийнатийн) кхача а шуна а‚ /новкъахь/ боьлхучу нахана а /хьанал бу/ пайдаэца. Хьарам ду шуна таллар дан аренан дийнаташкахь шу хьаж (я мрат) дихкина мел ду. Шу кхералаш Делах‚ шу Шена тӀе гулдийр долчу
5:96 -
جَعَلَ اللَّهُ الْكَعْبَةَ الْبَيْتَ الْحَرَامَ قِيَامًا لِلنَّاسِ وَالشَّهْرَ الْحَرَامَ وَالْهَدْيَ وَالْقَلَائِدَ ۚ ذَٰلِكَ لِتَعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ وَأَنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дала дина КаӀба – хьурман цӀа – нахана гӀоьнна а, пайденна а, /иштта хилийтина Дала/ хьурман бутт а‚ гӀурбанан бежана а‚ туьтеш а (бежанан логах тосу хӀуманаш, и билгалдархьама). Иза ду шуна хаийтархьама Дела стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг хууш вуйла‚ Дела массо а хӀума хууш верг вуйла
5:97 -
اعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ وَأَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Хаалаш‚ Дела таӀзарехь чӀогӀаниг вуйла а‚ Дела гечдийриг а, къинхетам бийриг а вуйла а
5:98 -
مَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا تَكْتُمُونَ
Элчанна тӀехь дӀакхачор а бен дац‚ Дела хууш ма ву аш гучудоккхург а‚ аш къайладоккхург а
5:99 -
قُلْ لَا يَسْتَوِي الْخَبِيثُ وَالطَّيِّبُ وَلَوْ أَعْجَبَكَ كَثْرَةُ الْخَبِيثِ ۚ فَاتَّقُوا اللَّهَ يَا أُولِي الْأَلْبَابِ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Ахь āла: 'Боьханиг а‚ цӀенаниг а цхьатерра дац‚ боьханиг дуккха хиларо хьоьга тамаш байтинехь а (хьо цецваьккхинехь а). Делах кхералаш‚ хӀай хьекъал дерш‚ шу даккхийден мега!'
5:100
Гочдар: Магомед Магомедов